Даймехкан безам сочинение на чеченском языке 8 класс

up

Поиск по сайту

Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»

Предмет: Другое
Категория материала: Другие методич. материалы
Автор: Абуева Таиса Ильмадиевна

Тип материала: Документ Microsoft Word (docx)
Размер: 940.14 Kb
Количество скачиваний: 951

Скачать

Просмотров: 1569

Похожие материалы

  • План проблемно- методической группы «Обучение»
  • Внеклассное мероприятие к Дню чеченского языка.»Ненан мотт-сан дозалла».
  • Классный час на тему: » День Конституции Крыма»
  • Внеурочное мероприятие Самый умный
  • Внеурочное мероприятие посвещеное теме Толерантность
  • Сочинение-эссе «Герои-победители в моей семье»
  • Сочинение-эссе «Мы живы пока жива память!»
  • Учебно-методическое пособие по разработке «МУЗЕЙНОГО УРОКА»
  • Сценарий праздника ко Дню матери
  • Информационная карта 2016 г. для программы театральной студии

Х1ора а, нохчичун сица а, ц1ийца а ду ша схьаваьлла орам хаар, дай баьхна латта, шен Даймохк безар, цуьнга уьйр-марзо хилар а. Ткъа къаьсттина доккха хьуьнар ду, дуьненахь чолхечу хьелаша хьовзийначу халонех къаьхкина атто лоьхуш шен дай баьхна лаьмнаш, латта, х1усам д1атесна шен дег1ана парг1атоне ца кхийдар, нохчийн шира кхерч, кхерчахь йогу  ц1е, дайн г1иллакхаш ца дицдеш нохчийн х1усамехь, нохчийн махкахь вахар.

Ишттачеран мог1арера цхьаъ ю, лаьмнашна юкъахь 1уьллучу Ч1ебарлойн районера Макажа юьртара яхархо Хасанова Умисат. Иза йина 1958 шеран 25-чу июлехь Казахстанехь Кустанай г1алахь. Цигара Даймахка ц1а йирзичахьана Макажахь ехаш ю иза.

Умисат йолчу х1усаме кхаьчча ширачу замане хьуо юха вахача санна хетало. Чохь йогуш дечиг даго пеш а, корехь латийна маьхкадаьтта дутту чиркх а,  лелош даьхни а ду цуьнан. Иштта ма 1ийна вайн дай, шайн куьйга хьанал къа а хьоьгуш, рицкъа доккхуш, ийманехь оьзда доьзал а кхиош г1иллакх-г1уллакх а долуш.
Умистан гергара нах, доьзалш охьанехьа бехаш бу, цара мел ч1ог1а аларх а, дехарх а,  Умисат цигара схьа ца йог1у 1ан а, яха а, аьтто хир бара аьлла. Цуо забар ечух олу:  «Кхузахь сан синна а, токхе ду, эрна эладита я къинош ца летош, Далла 1амал еш сайна парг1ата еха со».

2008-г1а шо т1екхаччалц йолчу ханна Умисат шен дайх дисинчу ширачу ц1а чохь ехаш яра, цуо доккхачу баркаллица дуьйцу вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2008-чу шарахь Ч1ебарлойн районехь яйтинчу 28 х1усамех лаьцна.

— Карарчу хенахь Макажахь шина-кхаа х1усамехь бен дехаш адамаш дац, делахь а аьхка мелла а дукха нах хьала бог1у кхуза, шайн дай баьхна латта ган а, марзо хеташ хан яккха а. Уьш гуттаренна а ц1а боьрзург хиларх а тешна яра иза.

Шен дахарехь уггаре а, доккха хазахетар шена хиларх а дийцира цо йоккхаерца самукъа а долуш. Дукха хан йоццуш шен х1усаме уггаре а веза, лараме хьаша вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан варах лаьцна дара иза. Иза шена гур ву я, шен х1усаме вог1ур ву аьлла цкъа а дага деача а, я и ирс хир ду аьлла тешна яцара ша бохура цо. Х1инца а, наггахь и г1ан дарий-те олий а хетало, олуш елаелира иза. Шена ма-хетта цунна хьошалла дан аьтто цахиларна дагахь балам болуш а яра Умисат. Шайн хиллачу къамелех а, вайн мехкан куьйгалхочун дикаллах лаьцна а дийцира цо.
Цунна шен а, миска мел волчу стеган а, вайн къоман а, мехкан лазам а, бала а хиларна Дела реза хуьлда аларца баркаллаш а бохуш.

Нохчийн зуда-м даимна а хилла сийлахь, еза, лараме, оьзда, цундела ма бу нохчийн к1ентий къонахий а. Мехкарийн сий долчу махкахь къонахий кхуьур бу» олуш дайн кица а ма ду. Вайн махкахь-м кхуьур бу яхь йолу къонахий а, сий долу мехкарий а, Делан къинхетамца Дала мукъ лахь!

Дайн кхерч латто, цу кхерчахь йогу ц1е ца яйта Умисат санна болу зударий, наной, йижарий кхуьийла хьан Нохчийчоь, мехкан сий айдан, кхане ирсе кхиийта  вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна болу къонахий дебийла хьан, Даймохк!

Виситаева Тумани

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Чеченская Республика Сегодня» обязательна.

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

Нохчийн литература

Тема : «Даймахке безам» Ш. Рашидов.

1алашо: Ш. Рашидовн дахар , кхолларалла , стихотворении «Даймахке безам» йовзийтар. Нийса а , кхеташ а стихотворниии тексташ еша .Даймаахкан хазалла ган 1амор, даймахках дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша. Берашна 1емар ду яздархочо далийна цхьацца аларш талла , царех кхета. Берашна хуур ду хьехархочун хаттарна нийса жоьпаш дала.

Урок д1аяхьар.

1 .Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?

Бераша схьайуьйцу Д. Кагермановн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворении.

3. Мотт шарбар.

Мама Мовсар лохуш ю,

Мовсар маьнги к1елахь ву.

-Мовсар! Мовсар! Вола схьа!

Межарг безахь, эца д1а!

(Ж. Махмаев)

-Д1аеша меллаша массара цхьана цхьанаэшарехь

-Д1аеша массара цхьана ч1ог1ачу озаца цхьанаэшарехь.

-Муха дог-ойла кхоллало шун ешча?

4. 1алашо йовзийтар , белхан план х1оттор.

-Муьлха произведени евзар вайна тахана? (« Даймахке безам»)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Рашидов)

-Х1ун болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта ? Х1ОТТ АЕ ПЛАН.

-Вайна тахана девзар ду Ш. Рашидовн дахар кхолларалла ,«Даймахке безам ц1е йолу стихотворении. Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а , яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворни тексташ еша.Шуна евзар ю вайн Даймехкан хазалла.

5. Керла тема хьехар.

а)Яздархочух дош.

Рашидов Шах1ид

Нохчийн г1араваьлла яздархо ву.

Рашидов Шах1ид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид стихаш язъян волавелла 6-чу классехь докшушволуш. Дуьххьара нохчийн маттахь язъиина стихотворени Мамакаев Мохьмаде гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане елина 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш ду цуьнан стихаш т1ехь язъйина. Дуьххьарлера д1ааьлла илли ду «Ломара зезаг». Шен хазчу озаца и илли д1аэлира Магомедов Султана.

Дуккха а ладог1архошна дукха дезаш ду Шах1идан дешнаш т1ехь даьхна безамах долу иллеш. Царех ду «Илланча сох винарг», «Чов», «И туьтеш сийна», Дог дитна воьду со»…

Рашидов Шах1ид тахана а к1ад ца луш, къахьоьгуш схьавог1у

аь)Хьехархочо къетош д1айоьшу Ш. Рашидовн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворении.

5. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араш тухуш, т1араш тухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ — схьаверза,

Шиъ — д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ — хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна тГаьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша массара цхьана меллаша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворени

аь) Бераша массара цхьана меллаша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Даймахке безам» ц1е йолу стихотворении

б) Чулацамах лаьцна къамел дар.Къастош ешар.

-Стенах лаьцна ю стихотворении ? (Даймахках лаьцна)

-Х1ун боху автора Даймахках лаьцна ? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху аренех , лаьмнех , батах лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху вайнехан адамийн гергарлонах? Д1аеша к1айдарг.

-Д1абеша т1аьххьара биъ мог1а. Муха кхета шу царех?.

-в)Сурт дилла Даймехкан цхьа хазалла гойтуш

7. Рефлекси.

-Х1ун план яра аша х1оттийнарг?

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ницкъ ца кхаьчна?

8. Жам1 дар.

-Муьлха стихотворении йийшира аша ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун эр дара аша вайн Даймехкан хазаллех лаьцна?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Кхетош д1аеша Ш. Рашидовн «Даймахке безам» стихотворении.

МУНИЦИПАЛЬНОЕ  БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ  УЧРЕЖДЕНИЕ

«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»

НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА

ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ

https://avatars.mds.yandex.net/get-zen_doc/1888829/pub_5cc78562c3a10000b59aad6f_5cc785d1a8ac8300b3491be0/scale_1200

Сочинени

Нохчийн маттах,

нохчийн маттахь…

Язйинарг: Тунжаханова Сати

10 –чу классан дешархо

Сочинени

Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…

                                          «Мерзачу озаца сан амал lехош,

  нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу…»

Мотт- иза Даймахко адамна, цуьнан дахар долалуш, иза чекхдаллалц луш болу г1ирс бу. Мотт- иза адамна гонахара дерг, шен чоьхьара дуьне довза а ,кхечарна довзийта Дала делла ни1мат ду. Мотт- иза туьйранехь дуьйцуш долу,ерриг не1 йоьллуш долу дог1а ду.

Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?

 Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.

Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.

Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.

 Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.

Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.

 Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.

Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.

Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун  Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац!!!» Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.

Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).

Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.

 — Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.

-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.

C:UsersAdminDesktophello_html_m2ff01c2e.jpg

  • Дайду или дойду как пишется
  • Дайвинг на английском языке сочинение
  • Дай то бог как пишется через дефис или нет
  • Дай ка как пишется или дайка
  • Дай думаю зайду как пишется