Дегайовхо сочинение на чеченском

Нохчийн мотт… Вай цунах ненан мотт олу… Нанас локхучу аганан эшарца беран сих а, дегIах а булий, хIора нохчичун дахарехь цуьнан ойланаш, сатийсамаш къеггинчу, башхачу суьрте берзош, кхечарна уьш бовзуьйтуш болу гIирс бу и …

16631223Адам муьлхачу къомах схьадаьлла, бохучу хаттарна жоп луш берг, уггаре а хьалха, оцу адамо буьйцуш болу мотт бу. Аматаш цхьабосса хилча а, амалш а гIиллакхаш а цхьатерра хилча а, цхьана пачхьалкхехь дехаш хилча а, мотт цхьаъ бацахь, оцу адамех цхьа къам ца хуьлу.

Кху доккхачу дуьненчохь дехачу къаьмнашна, ша хIара дуьне долочу хенахь, эзарнаш меттанаш делла Дала. Царна юккъехь нохчашна кхаьчнарг, суна хетарехь, уггаре а хаза а, исбаьхьа а, чулацаме а, хьал долуш а бу. Вайн маттахь алалур доцуш хIума а, гайталур доцуш сурт а, дасталур доцуш маьIна а дац. ХIора адаман кху чолхечу дахарехь хила тарло: дог-ойла, синхьаам, синхьийзам, дегалазам, дегайовхо, дегаIийжам, хазахетар, халахетар, доккхадер – и дерриге а шатайпанчу басаршца, чемашца гайта таро ло вайна вешан сийлахьчу матто. Иштта башха сурт хIоттош гонахара Iалам а, адамийн юкъаметтигаш а гайта аьтто боккху вайн матто.

Нохчийн мотт бийца хаарх ца тоьу. Оцу маттахь язйина говзарш еша а хаа деза, шен ойла кехата тIехь а, телефона чохь а, компьютера чохь а дIаязъян а хаа деза хIора нохчичунна. ТIаккха, шена нохчийн мотт-йоза хаьа ала йиш хир ю цуьнан. Эзарнаш шерашкахула, биц ца беш, схьабеана вайн дайша вайга схьакховдийна болу мотт, экаме хIума санна, ларбеш, вешан тIаьхьенашка дIабала безаш ду вай.

Иштта дегайовхо кхуллу вайн матте болу ларам совбоккхуш, цуьнан сий деш, иза лакхабоккхуш схьавогIуш вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Ахматович хиларо. Шен нана а, ненан мотт а, Даймохк а муха лара беза гойтуш, вайна массарна а къеггина масал хилла схьавогIу иза. Дала сий дойла цуьнан!

Цуьнан тешаме накъостий а хилла, вешан мехкан а, халкъан а, меттан а доладеш, къахьега деза вай массара а.

Цу тIехь Дала аьтто бойла вайн!

Нохчийн мотт дуьненчуьра д1абала гергабахна, бохуш сагатдечаьрга ала лаьа:

— Са ма гатде! Х1окху доккхачу дуьненчохь цхьа нохчи дийна висахь а, цо, ша-шега буьйцуш, 1алашбийр бу нохчийн мотт.

Хьох лаьцна суна а дуьйцуш,

Башломах лиешара хиш.

Зарзарша вовшашка буьйцуш,

Хьо хестош лоькхура йиш.

Г1а-патаро шабарш дора.

Д1аихначу шерийн лар

Суна вайн тархаш т1ехь гора,

Озийча набаран тар.

Хуьлура, наб санна, ховха.

Да1 санна, хуьлура хьо.

Сан лазам, сан дегайовхо,

Сан иэшам, сан толам — хьо!

Хийла къам дехачу меттехь,

Буьйцучохь юкъара мотт,

Сан дагна хьо хийра хеттехь,

Бицбелла хир бара хьо.

Кхин стаг ца хилча, хьо бийца,

Ас сайга къамелаш деш,

Хийлаза хьан марзо ийцира.

Дела ву оцунна теш.

Исмаилов Абу, поэт

№ 74(2508)

215

Къинхетам Сочинение На Чеченском 15.3

>>> ПОДРОБНЕЕ ЖМИТЕ ЗДЕСЬ <<<

Къинхетам Сочинение На Чеченском 15.3
Для всех учителей из 37 347 образовательных учреждений по всей стране
Получите деньги за публикацию своих
разработок в библиотеке «Инфоурок»
и получить бесплатное свидетельство о размещении материала на сайте infourok.ru
репетиторы онлайн
от проекта «ИнфоУрок»
Онлайн-занятия с репетиторами
Подберём репетитора лично для Вас и запишем на бесплатное пробное занятие!
Инфоурок

Другое

Конспекты

Открытый Урок. Сочинени — ойлаяр «Къинхетаме стаг». (ПКЭ кечам)
Обращаем Ваше внимание, что в соответствии с Федеральным законом N 273-ФЗ «Об образовании в Российской Федерации» в организациях, осуществляющих образовательную деятельность, организовывается обучение и воспитание обучающихся с ОВЗ как совместно с другими обучающимися, так и в отдельных классах или группах.
Только сейчас Вы можете пройти дистанционное обучение прямо на сайте «Инфоурок» со скидкой 40% по курсу повышения квалификации «Организация работы с обучающимися с ограниченными возможностями здоровья (ОВЗ) в соответствии с ФГОС» (72 часа). По окончании курса Вы получите печатное удостоверение о повышении квалификации установленного образца (доставка удостоверения бесплатна).
Открытый Урок. Сочинени — ойлаяр «Къинхетаме стаг». (ПКЭ кечам)
Йиллина урок. 9 класс ( нохчийн меттан ПКЭ-н кечам бар 3-г1а дакъа, 15.3. т1едиллар кхочуш дар).
Урокан ц1е: Сочинени-ойлаяр язъяран кечам бар. «Къинхетаме стаг».
— Ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар дастар, 1амочу коьчалан шена хетарг алар, аргументаш ялор;
— Массо адамашкахь хила езачу коьрта оьздангаллин принципех кхетор, къамелан культура кхиор.
1)дешаран: къамелан культурех долу хаарш шардар, к1аргдар; орфографически г1алаташ ца даха 1амор, текстан ерриге а билгалонашца ма-дарра маь1нин а, структурни а уьйраца, шена хетарг ала 1амор.
2)кхиоран: кхоллараллин, къамелан, ойлаяран жигаралла кхоллар, темех болу шена хета эмоциональни хьежам гайта 1амор.
3)кхеторан: дешархойн амалехь дикаллин билгалонаш: къинхетамалла, бала кхачар, адамалла кхоллар;
1аморан методаш, приемаш: проблемно- поискови, хаамаш дустаран анализ, облако « тегов» схемех пайда эцар, ловзаран кеп.
Вовшахтохаран кепаш: къамел дар,тобанашкахь болх, индивидуальни болх, ша бен болх, дешархойн хаамаш.
1аморан хьелаш: компьютер, презентаци, дагалацамаш №1,2.
Дешархойн белхан, ойлаяран кепан активаци:дешаран хаамийн анализ, нохчийн меттан а, литературин а юкъара уьйр ястар. Текстан анализ, т1едиллар 15.3, 3-чу декъана сочинени-ойлаяран алгоритм х1оттор; компьютеран програмни хьелаш – Microsoft Word, Microsoft Power Point. Урокан компьютерни презентаци.
I.Вовшахтохаран минот. Де дика дойла, хьеший, шу марша а дог1ийла! Халкъалахь олуш ду-кх, хьаша ца вог1у х1усамехь беркат хир дац. Цу т1ера, ала мегар ду, вайн урок беркате хир ю.
« Шен лазар хаалуш велахь и стаг – дийна ву.
Ткъа нехан лазар тосалуш велахь – иза Адам ду».
Урокан ц1е: « Къинхетаме стаг». Сочинени-ойлаяр язъян кечам бар.(2 слайд)
1.Мотиваци. (ловзаран кеп: Х1ун? Мичахьа? Маца?).
Цхьана хенахь, Ширачу Грецин вахархо, Сийлахь философ Диоген дийнахь чиркх латийна г1алахула волавелла. Цакхетар кхолладеллачу нехан хаттаршна доцца жоп лора цо: (х1ун жоп луш хилла Диогена?) «Адам лоьху ас». Ма- дарра аьлча, хила ма дезза «бакъ адам», и тайпа адам дуьхьалкхетча Диогенан чиркх д1абан безаш хилла. Ишттачу шен леларца Диоген ала г1иртина, дерриге а нийса долу адам данне а дац, иза «дийнахь тогарца а карор дац», бохург. Амма, Аллах1а Дала вайн синош дуьненчу ша кхолларе терра, дегнашка адамехь хила оьшу синхаамаш а кхоьллина. Ткъа Вай- адамаш, оцу Дала деллачу совг1атех нийса пайда эца хаа дезаш а, декхарийлахь а ду.
Тахана вай къамел дийр ду, къинхетам бохучу синхаамах лаьцна, сочинени язъян материал а гулйийр ю. Болх тобанашкахь бийр бу.
-Х1ора тобанна шен тхьамда ву, цуьнан декхар ду шен тобанан декъашхочо нийса деллачу жоьпана 1б. д1аязъян.
-Муха кхета шу къинхетам бохучу дашах? (къинхетам-адамаллин синхаам бу).
— Муха кхолладелла и дош? Х1ун олу цунах? (шина орамах а, суффиксех кхолладелла, цунах чолхе дош олу).
2. Оцу дашна синонимаш, антонимаш къастае, «Облако тегов» бохучу схемех пайда а оьцуш.
Синонимаш-адамалла, дикалла, безам, доглазар, декхар, терго, г1айг1а яр, накъосталла, догц1ена, хьастар, са цакхоор.
Антонимаш- дералла, къизалла, хьаг1, саьхьаралла, писалла, сутаралла, сийдацаралла, догъ1аьржа, къинхетамазалла, шогалла, бен цахетар.
(х1ора тобано шайн жоьпаш д1а а яздой д1адоьшу).
Къинхетамах лаьцна хьекъале дешнаш:
Къинхетамечу адамех, Веза-Сийлахьчу Аллах1а а бийр бу къинхетам. Дуьненчохь къинхетам ахь бе, Эхартахь къинхетам хьох Цо а бийр бу.
-Къинхетам –1алам дезаран а, нийсонан а хьост ду.
-Шина тайпа бу къинхетам. Хьалхарниг- синк1езга, догк1еда хилар, нехан вон гича сихха иза дицдан къайлавалар бен, кхин бала пайда боцу. Шолг1аниг – къа а хетта къайла а ца волуш, шен ницкъ кхочург а, цул совнаха а г1о-накъосталла дар.
Къинхетам-иза кхечу адамехь,ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду.
— Мискачу нахана г1о лацар, саг1а далар. Де эшначу берашна, баккхийчу нахана тайп-тайпанчу бахьанашца аьтту бан хьовсар, шен тоьлла йолу синхаамаш гучуяхар ду; къинхетам – царех цхьаъ бу.
-Юкъаметтигаш. Гонахарчу адамашца стага бечу къинхетаме хьаьжжина, нахана дукхавеза; дийнаташка бина къинхетам Дела реза вар ду.
-Кхечу адамашка йолу терго. Нахаца т1екере волчунгахь адамалла ю.
-Корматаллин г1уллакх. Адамаллин амалш къеггина гучуйовлу лоьрашкахь, хьехархошкахь.
-Доьзалехь юкъаметтиг. Ден-ненан бере а, беран дега-нене а болу безам — иза а къинхетаман цхьа хьост ду.
-Цкъа хьалха, алгоритм йовуьйтур ю ас шуна.
15.3. т1едилларехь сочинени-ойлаяр х1отторан алгоритм.
1)Д1адолор. Далийначу дашна нийса къастам ло. Хьо муха кхета цу дешан маь1нах, комментарий йо.
2) 1-чу абзацехь айхьа билгалдаьккхинчун бух т1ехь сочинени-ойлаяр д1айолае.
3)2-чу абзацехь текстера цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш.Цу предложенин терахь д1аязде.(клишех пайда эца).
4)3-чу абзацехь хьайн дахарехь зеделлачух цхьа масал даладе, айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш (клишех пайда эца)
5)4-чу абзацехь хьайн сочинени-ойлаяр ерзоран дош даладе(клишех пайда эца).
1.Сочиненин д1адолор яздо- маь1на досту.(схьаелла ПКЭ г1о-1аматан аг1о 45).
Къинхетам-иза кхечу адамехь, ткъа иштта дийнатехь долчу хьолах кхетар а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду. (тетрадаш т1е д1аязде).
2-3 предложени язйо тезис т1еч1аг1ъеш.
(Суна хетарехь, бендацар, оьг1азалла хир яц и тайпа болчу нахехь. Къинхетамо стеган адамалла, дикалла йосту, бусулба хиларан билгало а ю иза).
(Сан кхетамехь, къинхетаме стаг- иза ас лакхахь ма- аллара, кхечуьнга деанчу вуонна юьстах а ца лаьтташ, цуьнан дог оьцуш, дашца а, г1уллакхца а накъосталла деш верг ву.
III.Сочинени язъян материал схьакъастор. Тектан анализ. Анализ еш вай юьхьарлоцур ю Абубакарова Пет1аматан текст.
1.(Хьалххе кечам бина дешархочо д1айоьшу). ТЛК текст (ПКЭ г1о-1амат 2018, 2-г1а вариант, а.53-54)
-Х1окху текстан х1ун тема ю?(къинхетаман)
-Муьлха стиль ю текстан?(исбаьхьаллин)
-Къамелан муьлха кеп ю текстехь?(дийцаран)
-Муха кхета шу ешначу текстан (14) предложених: Эх1, баркалла ма хуьлда хьуна т1ехь х1ара та1зар динчунна, ма т1улгах дина дог хилла-кх цуьнан кийрахь,- бохуш, даггара дов дора йоккхачу стага.
( кхокхана къинхетмза т1улг тоьхна, дожийначунна оьг1аз яхана йоккха стаг).
-Текстан коьрта маъ1на муха ду? (Мегар дац иштта къиза хила, адамехь къинхетам хила беза, дийнаташка х1ете а).
1) 1-ра т1еч1аг1дар — ешначу текстера харжа (цитата я предложенин №). Комментари е. (Абубакарова Пет1аматан текстан (9) предложени ешча, вайга ойла йойту, ма дика а ду-кх дуьненчура массо а адам къиза доцуш, аьлла. Авторан хетарехь, деригге а 1алам кхокханах къахетта кхоьлинера, цхьана Хедин дог кхоьлина ца 1ара.
2-г1а т1еч1аг1дар – ойла а ей, шайн дахарера, я исбаьхьаллин литературера масал даладе. (Дахарера масал далош аьлча, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1еш, ала лаьа вайн президентах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву, Рамзан Ахматович.
-Х1ора тобано д1адеша т1еч1аг1дарш.
Сочиненин дерзор – иза юкъара жам1 ду билгалбаьккхина къастам т1еч1аг1беш, и ца хилча ойлаяр чаккхе йолуш ца нисло.Текстан маь1ница уьйр йолуш хила деза жам1.
5.Ц1/б: сочинени чекхъяккха; 15.3. т1едилларан алгоритм 1амае; «Даймохк»(15.3.,3-г1а вар.) темина сочинени язъе 3-4 дешар-чо.
Хьехархочун дош: Вай дийцинчун жам1 деш, къинхетамах лаьцна стихотворени юьйцур Ашаханова Даянас.
Дижа, я, ма дижа лаьтта, 
Бохучу ойланца дайй.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Т1еэега лайн чимаш к1айн.

Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез-к1еззиг озадеш т1етт1а.
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду шелоно латта.

Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар дисна-кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.

Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те, къинхетам вайх а?
Адамаш, хьадийша орцуха, 
Шайн синойх къинхетам бейша!
V.Релекси. Къинхетаман билгалонаш д1аязъе вай.(аьрру куьйгана го баьккхина сиз хьаькхна, юккъе д1аяздо)
-шениг дитина, дог ц1еначу нехан г1уллакх дан кийча хилар(кераюкъ).
( Х1инца и дерриге а вай карахь ду-кх, вешан дегнашкахь къинхетам кхио беза вай, т1аккха бен хуьлуш дац доккхачу элпаца Адам).
Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.
Сан кхетамехь къинхетаме стаг иза , ас лакхахь ма-аллара кхечуьнга деанчу вуонна юьстах а ца лаьтташ, цуьнан дог оьцуш, дашца а, г1уллакхца накъосталла деш верг ву.
Масала, Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.
Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.
Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.
Урокан 1алашо яра ешначу текстан коьрта ойла дешархошна билгалъяккха хаар дастар, 1амочу коьчалан шена хетарг алар, аргументаш ялор;
-Коьртачу оьздангаллин принципех, массо адамашкахь хила езачу, къамелан культура кхиор.
1)дешаран: къамелан культурех долу хаарш шардар, к1аргдар; орфографически г1алаташ ца даха 1амор, текстан ерриге а билгалонашца ма-дарра маь1нин а, структурни а уьйраца, шена хетарг ала 1амор.
2)кхиоран: кхоллараллин, къамелан, ойлаяран жигаралла кхоллар, темех болу шена хета эмоциональни хьежам гайта 1амор.
3)кхеторан: дешархойн амалехь дикаллин билгалонаш: къинхетамалла, бала кхачар, адамалла кхоллар;
1аморан методаш: проблемно- поискови, хаамаш дустаран анализ.
Вовшахтохаран кепаш: къамел дар,тобанашкахь болх, индивидуальни болх, ша бен болх, дешархойн хаамаш.
1аморан хьелаш: компьютер, презентаци, дагалацамаш
Московский институт профессиональной переподготовки и повышения квалификации педагогов
Курс профессиональной переподготовки
Курс профессиональной переподготовки
Влияние сенсорной интеграции на ребенка с ОВЗ в дошкольный период
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
Выберите категорию:
Все категории
Алгебра
Английский язык
Астрономия
Биология
Внеурочная деятельность
Всеобщая история
География
Геометрия
Директору, завучу
Доп. образование
Дошкольное образование
Естествознание
ИЗО, МХК
Иностранные языки
Информатика
История России
Классному руководителю
Коррекционное обучение
Литература
Литературное чтение
Логопедия, Дефектология
Математика
Музыка
Начальные классы
Немецкий язык
ОБЖ
Обществознание
Окружающий мир
Природоведение
Религиоведение
Родная литература
Родной язык
Русский язык
Социальному педагогу
Технология
Украинский язык
Физика
Физическая культура
Философия
Французский язык
Химия
Черчение
Школьному психологу
Экология
Другое
Выберите класс:
Все классы
Дошкольники
1 класс
2 класс
3 класс
4 класс
5 класс
6 класс
7 класс
8 класс
9 класс
10 класс
11 класс
также Вы можете выбрать тип материала:
1)дешаран: къамелан культурех долу хаарш шардар, к1аргдар; орфографически г1алаташ ца даха 1амор, текстан ерриге а билгалонашца ма-дарра маь1нин а, структурни а уьйраца, шена хетарг ала 1амор.
2)кхиоран: кхоллараллин, къамелан, ойлаяран жигаралла кхоллар, темех болу шена хета эмоциональни хьежам гайта 1амор.
3)кхеторан: дешархойн амалехь дикаллин билгалонаш: къинхетамалла, бала кхачар, адамалла кхоллар;
1аморан методаш, приемаш: проблемно- поискови, хаамаш дустаран анализ, облако « тегов» схемех пайда эцар, ловзаран кеп.
Вовшахтохаран кепаш: къамел дар,тобанашкахь болх, индивидуальни болх, ша бен болх, дешархойн хаамаш.
1аморан хьелаш: компьютер, презентаци, дагалацамаш №1,2.
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.
Знаете, что говорят коллеги из Вашего учебного заведения о КУРСАХ «Инфоурок»?
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Открытый Урок. Сочинени — ойлаяр «Къинхетаме стаг». (ПКЭ кечам)
Пожалуйста напишите сочинение по чеченскому языку на тему…
Варианты сочинений ОГЭ чеченский язык | Образовательный…
«Iилманца ду дуьне а, къинхетам а»
Напишите пожалуйста сочинение на тему дегайовхо.очень…
Конкретные Действия Исторических Личностей Для Сочинения
Модернизация Добро Или Зло Сочинение
Сочинение На Тему Трагедия Дубровского 6 Класс
Итоговое Сочинение 2021 Джордж Оруэлл 1984
Особенности Учебного Процесса В Медицинском Вузе Реферат

Обновлено: 08.01.2023

Неизвестно, какое имя ему дали при рождении. Он был совсем малышом, когда его подобрали русские солдаты в опустевшем после набега горном ауле Алды. А приемным отцом чеченскому мальчику стал молодой семнадцатилетний русский офицер – подпоручик Николай Раевский – будущий герой Отечественной войны 1812 года. Он дал мальчику имя Александр и фамилию — Чеченский, в память о родине. Раевский постарался дать своему чеченскому воспитаннику хорошее домашнее образование, что помогло Александру впоследствии поступить в Московский университет и успешно его окончить.

Потом начались годы военной службы. Сначала Александр Николаевич Чеченский воевал на Кавказе, где за участие в экспедициях против персов и турок он уже в 24 года получил звание подпоручика. Потом он подал рапорт о переводе на Запад. Командовал гусарским полком, в 1805-1807 годах участвовал в боях с наполеоновскими войсками. За отвагу был вместе с Багратионом награжден орденом Святого Георгия с бантом. А за бой под Гутштадтом был отмечен золотым оружием — саблей с надписью “За храбрость”.

В период войны России с наполеоновским нашествием в 1812 году отряд А. Чеченского в составе кавалерийского корпуса атамана Платова участвовал в знаменитой Бородинской битве. Затем — в партизанских рейдах вместе с героем Отечественной войны Денисом Давыдовым. И неизменно начальство отмечало в рапортах отчаянную смелость А. Чеченского и умелые действия руководимого им отряда.

А. Чеченский со своим отрядом прошел с боями от Смоленска до Польши. За взятие Гродно ему было присвоено звание майора. Потом была осада Дрездена. В рапорте Дениса Давыдова начальству сообщалось: “… Ротмистр Чеченский, командующий 1-м Бугским полком, отличился, это его привычка”. В бою у Рейхенбаума полк А. Чеченского разгромил превосходящее подразделение французов, захватив в плен полковника, фронтовое знамя, много солдат и офицеров. Новый командующий русской армией Барклай-де Толли, сменивший умершего Кутузова, присвоил А. Чеченскому звание подполковника. В освободительных походах русской армии полк отличился и в исторической “битве народов” под г. Лейпцигом, и в Нидерландах, при штурме крепостей Бреда и Виллемштадт. За бой под Леоном (Франция) А. Чеченский был награжден орденом Анны с бриллиантами и повышен в чине.

После падения Парижа полковник А. Чеченский в свите царя рядом с генералами Н. Н. Раевским и Д. Давыдовым участвовал в торжественном шествии и параде победителей на Елисейских полях.

По завершении заграничного похода Александр Чеченский в чине генерала ушел в отставку. Он женился на дочери тайного советника Екатерине Бычковой. Своих шестерых детей он назвал Софья, Александр, Екатерина, Николай, Вера, Надежда.

В декабре 1825 года генерал А. Чеченский участвовал в церемонии возведения на царствование Николая I. Жизнь Александра Чеченского – пример неразрывного единства исторических судеб народов России.

Нужна помощь в написании доклада?

Мы — биржа профессиональных авторов (преподавателей и доцентов вузов). Наша система гарантирует сдачу работы к сроку без плагиата. Правки вносим бесплатно.

Рупышева Наталья Николаевна

Любая война – беспощадное и тяжёлое время, которое уносит жизни многих ничем не повинных людей.

Вложение Размер
chechenskaya_voyna_v_pamyati_moego_dyadi.docx 15.2 КБ

Предварительный просмотр:

МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ

СТАРО-ОНОХОЙСКАЯ ОСНОВНАЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА

ЗАИГРАЕВСКОГО РАЙОНА РЕСПУБЛИКИ БУРЯТИЯ

Автор: ученик 5 класса

Любая война – беспощадное и тяжёлое время, которое уносит жизни многих ничем не повинных людей. Те, кто затевает войны, не думают о последствиях, видят только себя главными во всём мире. Они не любят Мир вокруг, не ценят его богатства и уважают только себя. Такие люди и разожгли войну в Чечне.

О ней мне рассказывал мой дядя. Проходила она в два этапа.

Первая Чеченская война вспыхнула в Чечне, частично в Ингушетии, Дагестане, Ставропольском крае с 11.12.1994 – 31.08 1996. Причина – фактическая независимость Чеченской Республики Ичкерия. Потери в данной войне были огромными. Много его друзей погибло, о которых он с гордостью вспоминает. Потом подписали Хасавьюртовское соглашение и стали выводить войска. Все радовались, что отгремели орудия, Чечня стала независимым государством. В то же время было больно смотреть на разрушенные дома, которые нечем было восстанавливать. В республике начался кризис, который привёл к началу второй чеченской войны с07.08.1999 по 15.04.2009. Причиной тому было вторжение боевиков в Дагестан, террористические акты в Москве и пригородах. Эта война закончилась победой Федеральных войск.

Я считаю, что людям нужно понять: войнами они разрушают наш Мир. Ведь любой вопрос можно решить без оружия и угроз. Нужно просто иметь терпение, и тогда спор решится без драки. Очень хочется, чтобы люди становились на сторону добра, ведь вместе мы сильнее, храбрее и выносливее во много раз. Мы все — дети своей страны, мы должны её беречь и сохранить для потомков.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 т1едиллар а долуш.

Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).

1-чу декъана юкъадог1у цхьа т1едиллар. Иза ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладуг1у.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

2-г1а дакъа лаьтта 7 т1едилларх (2-8). 2-чу декъан кхо т1едиллар кхочушдо ешначу текстан буха т1ехь.

Нагахь 2-чу декъан т1едахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна т1е сиз хьакхий, юххехь керла жоп д1аязде.

3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа т1едилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу т1едилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.

И т1едиллар кхочушдо къаьстинчу кехата т1ехь.

Экзаменехь бакъо ло орфографически луг1атах пайдаэца.

Т1едахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик т1ехь дина йозанаш лоруш дац.

Ахь кхочушдинчу т1едахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху.

Хьайн ма-хуьллу дукха т1едахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.

Дала аьтто бойла!

Тексте ла а дог1ий, къаьстинчу кехат т1ехь 1-ра т1едиллар кхочушде.

Цкъа хьалха т1едилларан лоьмар д1аязъе, цул т1аьхьа–йозанан болх.

Тексте ла а дог1ий, жима йозанан болх кхочушбе.

Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, х1ора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.

Йозанан белхан барам 50 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь ладоьг1начу текстан буха т1ехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-ярра схьаязйина ладоьг1на текст елахь, оцу белхан ноль баллаца мах хадабо.

Жоьпаш терахьашца билгалдаха.

Хаттарш къаьстинчу кехата т1е схьаяздан ца оьшу.

Йозанан болх кхочушбе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш муха г1иллакх ду вайн?

2.Далла а, нахана а гергахь деза, сийлахь х1ун ду?

3.Маца 1ама веза стаг оьзда мотт бийца?

4.Х1ун ю оьзда мотт?

5.Стенах ларвала г1о до оьздачу матто?

2-8 т1едахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь д1аяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-т1аьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). кхочушде.

Синтаксически анализ.

(1)Корта т1улга т1е а биллина, хина дуьхьал вирзина, вехха 1иллира со. (2)Аьхкенан довхачу дийнахь г1еххьа малделлачу, шовда санна, ц1еначу хин кегийчу тулг1еша эсала хьоьстура дег1. (3)Бер дижочу эшаран мукъамехь декачу хиэ набаран тар туьйсуьйтура. (4)Меллаша хи чуьра хьала а шершина, гомхачу берда йистехь, б1аран 1индаг1е корта а буьллуш, аркъалнехьа бай т1е д1анисвелира со.

Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.

1) корта т1е а биллина (1-ра предложени)

2) хьоьстура дег1 (2-г1а предложени)

3) тар туьйсуьйтура (3-г1а предложени)

4) д1анисвелира со (4-г1а предложени)

Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Готтачу новкъа (1) г1али чу схьадалийра йийсарш. Зударша а (2) бераша а уьйт1е юьзира. Барза (3) тхов т1ера охьа а воьссина (4) парг1атчу боларахь (5) йийсаршна т1евахара. Нажина вевзира иза. Ч1ог1а хийцавелла (6) воккха стаг. Схьахетарехь (7) дог а хийцаделла.

Синтаксически анализ.

Предложенера кхачам схьаязбе.

Шелонах экама хебачу ангалин корех сиха дог1учу дог1анан т1адамаш деттало.

Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яхдаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

2)Х1АЙТ-АЬЛЛА – АЬЛЛА боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисцаяздо.

4)ВЕДАНА – долахь ц1ердешнаш жимачу элпаца яздо.

Текст д1а а еший, 6-9 т1едахкарш кхочушде.

(1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха. (2)XIopa баттахь кехат кхочура Кхокхига шен к1антера.

(3)К1анте хаийтина дацара да кхалхар. (4)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуьлура. (5)Къеначу цу шиннан догъэца г1ерташ санна, къонахаллех дуьзна а, самукъане а хуьлура к1ентан Аюбан xlopa кехат. (6)Шен т1аьххьарчу кехат т1ехь Аюба яздинера, мостаг1ий вайн махкара д1а а лаьхкина, накха буьззина орденаш а, мидалш а яхьаш, ц1авоьрзур ву ша бохуш. (7)И дешнаш шена хезча, коьртарчу йовлакхан т1ам б1аьргех а хьоькхуш, г1ийла елакъежара йоккха стаг.

(8)К1антера кехат мосазза деа а, соьга и дешийта йог1ура Кхокха. (9)Ши бутт сов хан д1аелира, Аюбера кехат ца кхочуш. (10)Г1айг1ане юьйжира йоккха стаг. (11)Шайн кет1арчу т1улга т1е а хоий, сарралц 1ара иза, к1ентан кехате сатуьйсуш. (12)Ткъа луларчу Пет1амата х1оразза а к1ант ц1а вог1у, иза могаш а, парг1ат а ву олий, пал тосура цунна.

(13)Цхьана дийнахь, 1уьйранна, пхийттара яьлча санна, каде йог1учу Кхокхех б1аьрг кхийтира сан. (14)Кертарчу г1антахь хиъна 1аш Къосум гира суна. (15)Цунна т1е яхара йоккха стаг.

(20)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ. (21)Соьга б1аьца йира Къосума, стоьла т1ера шен куьзганаш схьада а олуш. (22)Оьрсийн маттахь соьга вистцахилар а дехна, кехат деша вуьйлира иза.

(23)Шен дега а, нене а кехат хьедаларна бехк цабиллар доьхура к1анта. (24)Ша могаш а, парг1ат а ву, шена сагатдан оьшуш дац, бохура кхид1а а цо.

(25)Цецваьлла хьоьжучу суна гира цуьнан ши б1аьрг т1унлуш. (26)Хала садетташ, кьийлалуш, легашка къурдаш х1уьттуш, воллура Къосум, ненан дог ца дохо г1ерташ.

(27)К1ентан ц1ерш йохуш, йоккха стаг елха х1оьттира.

(28)Сан легашка шад х1оьттира, б1аьргаш чуьра цхьа ларамаза хи хьаьдира.

(29)Юха со т1евеъча, Къосум йоккхачу стагана хьехарш деш воллура, сагатдан ца оьшу, т1амехь ма аьлла ца хуьлу, хан яларх дийна вац аьлла, дагадаийта а мегар дац бохуш. (30)Т1аьххьара а т1ера адрес схьаяздан и кехат шегахь дитар дийхира цо, Аюбе шен к1ант ца хаавелла те аьлла, кехат яздан дагахь ву ша, олуш. (31)Йоккха стаг дукха сиха реза хилира. (32)Къосумна баркаллаш а баьхна, д1аяхара Кхокха.

(33)Оцу деношкахь дикка букар яханчу цуьнан дег1 хаъал хьаланисделлера. (34)Болар а дайделлера.

(35)Дикка хан яьлла х1етахь дуьйна. (36)Шен к1анте сатуьйсуш, кхелхира йоккха стаг. (37)Дийна вац Къосум а. (38)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.

Текстан чулацаман анализ.

1)Къосумна шерра деша ца хаьара.

2)Къосуман б1аьрса дика дацара.

3)Кехат т1ехь яздинчух Къосум ца тешара.

4)Къосум ненан дог ца дохо г1ертара.

Меттан суртх1отторан г1ирсийн анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–метафора шеца йолу предложени билгалъяккха.

1)Тхан лулахь 1аш яра, к1ант эскаре вигначу шарахь т1ера ц1ийнда а велла, йисина йоккха стаг Кхокха.

2)Ткъа цуънгара кхочуш долу кехаташ ден а, ненан а ц1арах хуълура.

3)Хийла нене кхаьчна и шийла кхаъ.

4)Амма х1инца а дагара ца долу суна Къосума дешна кехат.

Лексически анализ.

2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата т1ехь 9.1, 9.2 я 9.3 т1едахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Сочинени язъян йолаяле, д1аязъе хаьржинчу т1едилларан лоьмар:9.1, 9.2 я 9.3.

Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.

Сочинени д1айоло мегар ду Ш.И.Абдуразаковн дешнашца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду …

2.Масала, текстера … предложенера …

3.Текстан … предложени ешча, …

4…. вайн таро хуьлу т1еч1аг1дан …

Магадо: ялийна клишеш хийца.

Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр.

Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.

Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Еллачу кийсакан маь1нах со иштта кхета …

2.Сайн жам1 т1еч1аг1деш, … предложенера (-шкара) масал далор ду ас.

3…. предложенино (-еша) т1еч1аг1йо ойла…

Магадо: ялийна клишеш хийца.

Муха кхета хьо ДЕГАЙОВХО бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.

Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.

Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.

1.Дегайовхо – иза … Суна хетарехь, …

2.Текстан авторо вайга ойла йойту …

3.Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, айса ялийна ойла т1еч1аг1ъян лаьа …

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.
2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.
3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.
Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.
Урок д1аяхьар.
Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!
Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Оценить 1674 0

Нохчийн литературан йиллина урок

Урокан тема: 1812-чу шеран т1еман турпалхочун инаррла-майоран Александр Чеченскин васт.

1алашо: 1. Повестан хилламашках1ула коьртачу турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиоран хьелаш исбаьхьаллица довзийтар.

2. Вайн заманан кегийрхой, шийттачу турпалхойх масалла а оьцуш г1иллакх-оьздангаллица кхиор.

3. Нохчийн литературе болу безам алсамбаккхар.

Г1ирсаш: учебникаш, тетрадаш, интерактивни у.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо: Де дика хьулда шун массера а! Хьеший , шу марша а дог1ийла!

Тахана вай д1ахьур ю литературан йиллина урок.

Кутузов ( иза кресло-г1анта т1е хууш)

Давыдов: – Хьан сийлалла, бехк ца биллар доьху оха, х1окху бедарца хьайна хьалха х1иттарна

Кутузов:- Т1ом халкъан бу, сан хьомениг,аша дийриг дерриг нийса ду. Суна бен мА дац , цхьаннан коьртахь , кивер а йоцуш,куй хилар,кхечуьнан мундира к1ела а доцуш, кетар к1ел детталуш дог хилар а. Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ г1атто хаар.

Давыдов:- Оха ца г1овтийна адамаш, мостаг1чуьнга болчу цабезамо г1овтийна уьш.

Хьан кхайкхамна берриш ахархой г1еттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостаг1чуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бекх ца биллар доьху, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

Кутузов: – х1умма дай! Х1умма дац! Омра кхачаре хоьжуш 1ен хан ма яц вайна. Даймохк к1елхьарбаккха беза х1ораммо.

Кутузов :–Чеченскига – Чергазийн мотт хаьий хьуна?

Чеченский:- Нохчийчуьра схьавалош со жима вара. Россехь кхиъна со, сайн ненан мотт бицбелла бог1у .

Кутузов – суна хазарца, хьуна ц1е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх? Со воккхаве Николай Николаевичах, т1еэцна к1ант цуьнан иштта хиларх.!

Хьехархо : Вайн хьалха исбаьхьа х1оттийначу суьрта т1ехь берш бевзарий шуна? Муьлхачу произведенера бара и турпалхой.

Хьехархо : Х1инца вай къастош ерг муьлха произведени ю-м хиира вайна.Ткъа урокан ц1е муха хир ю аьлла хета шуна.

Дешархо: вай вуьйцу турпалхо Александр Чеченский хилча, урокан ц1е Александр Чеченскийн васт хир ду аьлла хета суна.

Хьехархо : Нийса билгалъяьккхи ахь вайн урокан тема. Тахана вайн достур ду г1араваьллачу турпалхочун васт, Дуьйцур ду цуьнан т1еман говзаллех, т11ех1оьттинчу халонашна хьалха иза гора ца хоттарх лаьцна ., аьтто хир бу цу хенан хиламашка кхача.

Хьалхарчу урокехь повестан чулацам къасточу хенахь вай билгалдаьккхира Александр Чеченски къонах хилар. Цуьнца боьзна ц1еран болх бара шун. Къонахаллех лаьцна стихотворении , кица я шира дийцар кечдан дезара аша. Кийча дуй шу?

Хьехархо: дела реза хуьлда. Дика кечам бина ахь.

Дешархоша рог1аллица д1адоьшу кицанаш

— Даймохк безаш воцург къонах вац

-Яхь йоцу к1ант Даймахкана хьакъ вац.

— Ша вина, кхиъна Даймохк мел хьоме, мел мерза, мел сийлахь бу яхь йолчу к1антана

-Майра хиларх ца олу стагах къонах ву.Адамашна пайдехь волчух олу дика къонах.

-Къонахчун ц1е халкъо йоккху. Ша шен ц1е яккхарх къонах ца хуьлу.

-Стаг шен дешан да хила веза. Шен дешан да воцург къонах ца хилла я хир вац.

-Вуьззина къонах цкъа а шен бала балхош вац

Хьехархо: вуно хаза кицанаш далий аша. Къонахаллех лаьцна дуккха кицанаш хилла вай, цо гойту вайн халкъанна даима мехала хетарг- къанахалла хилар. Стеган къонахалла цкъа баьккхинчу толамехь, гайтинчу доьналлех билгалдаьлла 1аш дац. Даима цуьнца долчу г1иллакхца, цо дечу кегийрачу а, даккхийчу а г1уллакхашца билгалдолу. Х1инца вай повестан хиламах , авторах лаьцна хаарш карладаккхур ду.

-19-чу б1ешарахь Европехь цхьанакхеттачу эскарша Наполеонна дуьхьал бина т1емаш. -1812 –чу шарахь хилла Даймехкан т1ом.

— х1инца аша шайн тобанан ц1е тилла еза ( къонах, яхь, дахар,маршо) Х1ора тобанна луш т1едиллар ду ( бека мукъам) 1.* Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А. Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехка цахиллачу уьйрах лаьцна

(И кхочушдан 3 минот хан ю )

Хьехархо :.Ойлаяй алийша муьлхачу синмехаллаша г1о дина 1алин?(ЯХЬ, къонахалла,оьздангалла,г1иллакх, майралла, доьналла,хьекъал)

2.Синквейн ялае шайн тобанна тиллинчу ц1арна (бека мукъам)

Хьосту, 1ехаво, чиэхаво

Дахар – сатийсаман денош

Вазво, сий айадо,лакхавоккху

Къонах- сийлахь ц1е

Хазво, толаво, эшаво

Нанас дена ма волда яхь йоцу к1ант

Айаво, даьржа,кхайкхаво

Сий-къонахчун аг1о ю.

Х1ора тобанна луш шолг1а т1едиллар ду ( мукъам бека) * Дешнашца А.Чеченскин куц-кеп х1оттадар

*А.Чеченскин жималлех лаьцна дийцар

*Йийсар вича цуьнан кхолламех лаьцна

*А.Чеченскин шен Даймехкаца хиллачу уьйрах лаьцна

И кхочушдан 3 минот хан ю

Жам1 дар 1. Х1ун дог-ойла кхоллаелла шун повесть ешча? 2. Нагахь санна вай и зама юхалиста йиш хилча, х1ун хуьйцур дара аша 1алин дахарехь? 3.Цуьнан дахар муьлхачу вастаца гойтур дара аша? . 4. Шуна лаьарий шайн иштта дахар хуьлийла?.

5. Повестехь шайна хазахеттачу меттигах лаьцна дуьйцур дарий аш?. Хьехархо: цхьана философа аьлла « Адамегара дерриг схьадаккхалур ду,цхьаъ доцург-маршоне болу лаам. Иштта дан а ду иза. Цуьнан масалла ду Александр Чеченскин дахар. И маршо шен цхьанна езна ца 1аш, шен гонах болчарна а еза цунна. И бахьана долуш шен крепостой парг1атбаха лаьа цунна, амма 1едалан гергахь и нийса хир доцийла хаьа, шен далучу аг1ор къехошна г1о до цо.

Слайд гайтар (иэс Александр чеченский)

Вайн халкъехь олуш ду : шен бийца къонахий доцург-къам дац, шен дийца къам доцург-къонах вац. Нохчех схьаваьлла волуш, и нохчалла шен дахаран чаккхене кхачош вехначу турпалхочун- Александр Чеченскина, иштта муьлхачу заманчохь хилла болу къонахий : Зеламха, шейх Мансур, Байсангур,Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлади , массане бу уьш — бевзаш, цабевзаш, даимна сий дийр ду вай царна. Оцу лакхене кхача Дала шуна кхетам,хьуьнар лойла.

Дешархоша бинчу белхан мах хадор: Аша массара дика болх бина , делахь суна лаьа аша шаьш шайн белхан мах хадор.

Рефлексия яр Муха хийти шуна вайн урок? Цхьа керла хаар кхолладеллий шу? Муьлха синхаамаш кхоллабелла шу? ( Хазахетар, , халахетар, синч1аг1о, цецвалар, бецахетар,)

Тем боцуш, майра, каде, доьналла долуш,

Къийсамехь собаре — нохчийн и амалш, церан мостаг1аша а т1ехь,

массара а билгалйохуш ю.

Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр а ю шатайпана к1орггера маь1на долуш.

Брокгаузан а, Ефропан а энциклопедический словарь.

1.Жимачалу дег1ахь, т1едаьлла меран дукъ, малхо-мохо ягийна юьхь,хьалахьаьвзина 1аьржа кегий мекхаш, 1аьржа б1аьрг- ц1оцкъам., майра хьажар, алунах къега б1аьргаш.

2.Повеста т1ехь Александр Чеченский вайна дуьххьра го и жима берд олуш, ворх1- барх1 шо долуш хан ю цуьнан. Цомгаш хилла нана, меттахь дукха ца 1уьллуш, кхелхина, деца висира жима 1али. Маьрша яцара зама. Кегий къаьмнаш шайн парг1атонехьа къийсам латтош бара паччахьан эскарца. Да кест-кеста Мансуран б1оца паччахьан эскаршца лата воьдий, ша ц1ахь вуьсура 1али, луларчу зудчо тергам беш. Ц1ехьана т1елеттачу паччахьан эскаро Алда юрт йохийна, ягийначул т1аьхьа, меттиг таллуш схьабог1учу оьрсийн салташа, комаран дитта т1ера охьа а воккхий , г1опе д1авуьгу ворх1- барх1 шо кхаьчна жима ши к1ант. Царах цхьаъ кхио шега валар доьху Николай Раевскийс. Иштта нисло 1али оьрсийн х1усаме.

3.Майра, т1ахъаьлла хиларна, х1уманна б1окъажор боцуш хиларо везало 1али Николай Раевскийна. Цо цунна Александр олий ц1е туьллу, иза дуьненна вевзаш волу Александр Македонский санна г1араваьлла т1емало хиларе додохуш. Лаккхара йоза-дешар а, т1еман говзалла а караерзийра Александра. Николай Раевскийца Г1изларехь д1адолийра б1аьхойн г1уллакх. Ца дезаделира шен Даймахкахь т1ом бар. Кхечу эскаре ваккхар доьхуш рапорт язйира цо. Дукха хан ялале, йоккхачу шина паччахьан – Россин а, Францин а юкъаметтигаш телхира. Александр Чеченский уггар чолхечу, кхерамечу меттигашкахь хуьлу. Т1амехь т1ех майра хиларна Кутузовс лоруш хилла Александр. Чинехь лакхавоккху иза. Денис Давыдовца партизански отрядехь майра лета иза. Т1еман говзалла хила ца 1аш, ша дипломат вуй хаийтира цо, цхьа топ ца кхуссуш схьалецира масех г1ала а.

4. 1алин цкъа ца дицло воккхачу стага , Жумас, г1опехь дин хьехар: : « Шаьш т1едиссинчу х1усамна хьанала хилалаш, тешнабехках ларлолаш, шайх бехк боккхур болу х1ума мА делаш, чета эхь диллий мА лелелаш. Шаьш хьанах схьадевлла диц мА делаш. Къонахий болуш дика дай хила шун. Ша схьаваьлла юрт даима дагахь лаьтта цунна. Пхийтта шо кхаьчча шен юьрта кхачар нисделира цуьнан. Юрт гича дог тохаделира 1алин, девзира комарийн дитт, вевзира къанвелла Мажа. Т1аьхьо ша къанвала воьлча, мехкан безамна деанчу х1ух дийна хьуьн кхиийра цо. Мох баьлча а. дог1а деъча а Алда дагайог1ура цунна.

Читайте также:

      

  • Сочинение миниатюра что я хотел бы сказать маленькому принцу
  •   

  • Сочинение идеальная девушка на английском
  •   

  • Сочинение на тему классицизм в истории
  •   

  • Сочинение 3 класс беларусь
  •   

  • Тот кто не умеет говорить карьеры не сделает сочинение

  • Девятьсот семьдесят как пишется
  • Девятьсот рублей как правильно пишется
  • Девятьсот одиннадцатый как пишется слитно или раздельно
  • Девятьсот как пишется правильно на русском языке
  • Девятьсот или девятьсот как правильно пишется