Къонахалла сочинение на чеченском языке 5 класс

  • 07.08.2020 08:41

  • Категория: Нохчийн Мотт
  • Просмотров: 1086

Шен дешан да хилар – къонахчун амал

Къонахчун амалехь ца хилча ца долуш хIума ду – шен дош лардар. Дешан да хилар бохург дош шалха цадалар, иза кхочушдар бохург ду. Цкъа делла дош юхаэца йиш яц къонахчун, хIунда аьлча, дош ца лардинчу стеган къонахалла шеконе йолу тIаккха, цунах болу тешам жимло, цуьнга болу ларам а байло. Цундела ду къонахчунна ша делла дош лардар сел сийлахь а, деза а. Мел хала шена делахь а, дош кхочуш ца дича ца волу бакъволу къонах.
Халонаш тIехIиттича, шен даша тIера стаг волуш велахь, иза къонах вац. Ишттачу стагаца юкъаметтиг хила нахана луур дац..
Тахана къаьсттина дукха нисло стага шен дош дохош, цу тIера юхаволуш меттиг. Хала хеташ делахь а, вайн заманахь хуьлуш хIуманаш ду уьш. Масала, дика лелаш воцчу жимачу стага дош ло шен гергарчарна, ша кхин айпе хIуманаш лелор дац олий. Амма иблисан хазачу зурманах Iеха а лой, юха а вочу новкъа тIе волу иза. Ткъа цу некъан чаккхе дика ца хуьлу – цо галваьлларг жоьжахатин цIерга кхачаво. Иштта тIаьхьало хуьлу делла дош лар ца дича.
Дош даларан а ду шен некъаш. Хьайга далур доцу гIуллакх, дийр ду аьлла, тIелацар сонта хIума ду. Ницкъ цакхочург дийр ду алар стеган хьекъал цакхачар я иза шех тIех сов бIобулуш хилар ду, шен бакъдолу хьал а ца хууш. Сихвелла делла дош а, сихаллехь дина гIуллакх а тIаьхьало йолуш ца хуьлу. Ишттачу хIумано стаг юьхьIаьржачу хIоттаво. Цуьнгара яьлла цхьайолу ледарло велла дIаваллалц, эхьан томмагIа хуьлий, тIехь юьсу, нагахь дош дохийна я дечу хIуманан ойла ца еш цо иза ялийтинехь. Муьлхха а ледарло ларамза, хьан синкхетам ца кхочуш яла а тарло. И санна долчунна-м, хьан бехк боций хиъча, уллерачара гечдо. Ишттаниг хьахош а, дуьйцуш а ца хуьлу – берриге а и ледарло сиха йицъялийта гIерташ хуьлу. Оцу хIуманна тIехь а гучудолу нохчийн оьзда гIиллакх – стеган бехк бацахь, цунна гечдар а, цунна тамехь доцу хIума хьеха ца дар а.
Вайн дайша чIогIа лардина халкъан гIиллакхаш, шайн схьадовлар а, лелор а оьздачу буха тIехь хилла долу. Дош далар а, иза лардар а ма ду нохчийн гIиллакхашна юккъехь коьртачех цхьаъ. Цу гIиллакхо хадош ма бу къонахчун мах. Хало а Iаьвшина, шен дош лардинарг гуттар а хилла сийлахь халкъалахь.
Вайна юкъахь олуш ду, гIиллакх, оьздангалла, яхь, дешан да хилар ворххIе а дегара схьадогIуш ду. Иштта дан а ду иза. Дера, шайн оьзда, яхь йолуш дай хиллачара церан цIе йожор ма яц, нагахь шаьш жимма а церан сий а деш, уьш лара а лоруш, царах дозалла а деш Iаш белахь. Вайн дайша шайн хаза, оьзда, гIиллакхехь леларца дахарехь дIадаха некъ битина вайна. Вайн декхар хIун ду? Церан сий лардар, церан цIе ца йожор, церан иэсана хьакъ хилар. Мел хала хIума дац вайгара оьшуш дерг: оьзда лелар, гIиллакхах ца вохар, хьо хьанах схьаваьлла, мила ву хаар, ледарло яларх ларвалар.
Нахана юкъахь дош дIа а лелаш, ларам а болуш деда я да шен доьзалехь волчу жимачу стагана мел атта ду дахарехь. Цаьргара масал схьаэцчахьана ма ваьлла иза. Цуьнан дай наха лоруш хилча, хIара ша а лорур ву цара, дайн сий а ца дойуш, церан цIе а ларъеш, схьавогIуш велахь. Кхуьнан дашах а тешар бу, хIунда аьлча, хIара оьздачу нахах схьаваьлла ву, шайн дош дош долчу къонахех. Дайша некъ битина кхунна, иза дIакхехьа стаг хIара хилчхьана. ТIекхуьучу тIаьхьенаша къаьсттина тидаме эца дезаш хIума ду иза: дайн сий лардар, церан сийлахь цIе ца йожор. Иштта цу тIехь лаьтташ ма ю вайн нохчийн вад, цунах хуьлуш ма бу нохчалла боху кхетам а.
Вай ца гIерта вешан къам массарал а тоьлуш ду ала. Дала адамаш цхьабосса кхоьллина, беснашца бен башхо йоцуш.
Цхьа къам вукхул тоьлуш ду алар нийса хир дац. Делахь а, меттанашца, Iер-дахарца, дахаран хьелашца, ламасташца, исторехь нисбеллачу хиламашца вай вовшех къаьсташ ду. Амма адамашна юккъехь лелаш долу, Дала делла гIиллакхаш массо а къаьмнийн цхьаьнадогIуш ду: вовшийн дезар, ларар, къинхетам хилар, гIо-накъосталла дан
кийча хилар.
Вайн къомана юкъахь гуттар а лелла долу ламасташ, гIиллакхаш лардар вайн коьрта декхар ду, хIунда аьлча, царна тIехь лаьттина ду вайн халкъан дахар..

АРСАНУКАЕВ Муса

1.      Дружба
для къонаха священна. Ради дружбы къонах готов на любые жертвы.
Настоящего друга он любит как брата, уважает как отца и почитает как
дорогого гостя. Защищая своего друга, къонах не щадит своей жизни. Он в
равной степени познается и в дружбе, и во вражде. Доттагалла
къонахчунна деза а, сийлахь а ду. Доттаг1алла ч1аг1дархьама, къонахчо
шена мел доккха а зен хуьлуйтург ду. Тешаме, бакъ волу доттаг1
къонахчунна шен ваша санна веза, шен да санна и лору, хьешан санна
цуьнан сий до. Къонах доттаг1чуна тешаме а, цунна г1о деш а хила веза.
Къонахчо шен доттаг1 зенах-зуламах ларвархьама шен СА а, я дег1 а кхоор
дац.
2.      Великодушие
– это мера отношения къонаха к врагу. На войне къонах должен соблюдать
меру дозволенного по отношению к врагу, не давать воли чувству гнева и
озлобления. Къонахчо мостаг1чунна а харцо йийр
яц, тешнабехк а бийр бац. Т1амехь къонахчо лардан деза мостаг1чуьннца
ницкъан барамал т1ех дерг. Шен оьздангаллица, дераллица къизалла яр
къонахчун амалца дог1уш дац.
3.      Къонах
не должен применять оружие против безоружного врага. Тяжело раненному
врагу он обязан оказать посильную помощь так же, как сделал бы это для
любого человека. Къонахчун герз тоха бакъо яц
карахь герз доцчу мостаг1чунна. Яккхий чевнаш хиллачу мостаг1чунна г1о
декхарийлахь ву къонах, муьлххачу а стагана санна. 4.      Къонах
проявляет по отношению к побежденному врагу благородство и милосердие
Он предпочитает вражду с благородным врагом дружбе с ненадежным другом,
так поступали наши предки. Шен эшначу
мостаг1чуьннца къинхетаме а, г1иллакхе а хила веза къонах. Тешам боцчу
доттаг1чуьнца гергарло лелочул, тешам болчу нахаца мостаг1алла тасадалар
г1олехь лерина вайн дайша.
5.      Къонах
повозможности избегает поединка с более слабым противником, так как
любой исход такого боя не прибавит ему славы, но может уронить его имя.
Если же поединок неизбежен, то он должен дать противнику возможность
выбрать оружие, и быть снисходительным к нему. Къонах
шел г1аддайначунна лата дуьхьал х1оттарх ларвала веза. Х1унда аьлча,
иза цо эшийча, цунна т1ехь цо толам баьккхийча, къонахчун сий лакхадер
дац, мелхо а толам эхье боьрзур бу. Нагахь санна дуьхь-дуьхьал х1оьттина
латар т1едожахь, къонахчо шен дуьхьал х1оьттинчуьнга герз шегга
харжийта деза.
6.      Къонах
не должен уклоняться от боя с сильным противником. Но он всегда
предпочитает мир войне, если такое возможно без ущерба интересам народа,
его чести и личному достоинству. Шех лата
дьхьал х1оьттинарг, шегахьчул т1ех ницкъ болуш велахь, юхавала мегард
дац къонахчунна. Къонахчо т1амал машар г1олехь лерина, нагахь санна шен
къомана, халкъана эшам болуш, къоман сий дойуш и машар бацахь.

  • Комментариев (0)

k1onah

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке)

«Къонахийн белшашна тIехь лаьтташ ду дуьне», — эрна аьллачех дац. Амма къонахалла бохучуьнан маьIна дан хууш стаг кIезиг волу. Цундела хьан-хьанна а туьллу вай и еза цIе, дIакховдадо и массарел а деза-доккха а, сийлахь а долу и дарж. Масала, сих-сиха хезачех ду: «Джуги Висарган Юсап ма къонах а вар-кха». Дуьхе кхиа воьлча: «Дуьненна а бале яьлла, эхарт хир доцу цхьа боьху Дажал яра -кх» — ала дог1уш хилар гучудолу. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьагI, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала шена гIортораш йина дуьнентIе бохуш бу уьш.

Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан гIоьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо». Адамера долушдолу массо а дика-вон дIаяздеш хIораннан белшашна тIехь Тарам, Хьарам Iаш хиларх лаьцна лакхахь хьахийра вай. Ша шайтIане Iеха ца войтуш, цкъа гIалат долуьйтуш, тIаккха цунна гечдар доьхуш лелачарах воцу дела олу цунах къонах. Иза Дала схьаоьхьна болчу некъана тIера юьстах ца лелхаш, цу тIера ца вала гIертарг ву, цуьнан дерриге а дахар цу тIе хьажийна а хуьлу. Къомана а, нахана а, махкана а гIуллакх дар шен сина, шен дегIан чархана марздинарг ву иза. Б1аьрг а, гай а цкъа а ца юзачарах юйла хиъна цунна. Цаьрга сина гIодаюккъе нуьйр а тиллийтина, уьш коьшкала ца ховшийна ца лела иза. Цунна дика хаьа Дела кхиэлана сиха воцийла. Шен гIалат нахала ца долуш дисча, Дела а шега Iехавелла моьттачарах воц къонаха. Цу тайпанчу стеган; дагтIера Дела а, иман а матта буьххье доьрзу, кхахьпалла сих йулу; сутаралло къасталун боцчига кхачаво. Царех бу (Iедалан мукъ кара кхаьчнарш-м буьйцур бацара вай) халахеташ делахь а, хьахийначарах тарбала гIерташ, оцу тобанна тIаьхьа хIиттина болу цхьамогIа хьехархой, лоьраш, суьдхой, прокуратурин белхалой, «асфальтах» пхьор деш долу варраш, милцой, сом делча кешнашка жIаьла дIадоллийта кийча болу Iелимнах. К1ай къиг санна царех къаьсташ хуьлу: шенчара а, нехачара а и лортIехь вац, шен хIуманна дола далуш вац», — бохуш, цIенчу некъара галваккха а гIерташ, хьийза а во иза. Кхонаха зене-зуламечу гIуллакхах, нехан хьокъах-м, хьовха, кIоршамечу дошах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лекха дарж дагадеъна а дац дуьненна.

Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьр дацара иза эца. Стигланийн векал хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нахчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.

Делан дикалла, Цуьнан вайх болу къинхетам дукха боккха хиларан гайтам бац, ткъа, абадехь синош кхуллучу хенахь, божа хила яздинчу «къонах хир ма ву шех», — аьлла нигат а дина, оцу новкъа хIоьттинчу стеган гIолаца Сийлахь-Веза волчо, шена тIелаьцна хилар. Вай лехнарг Цо вайна луш хилар Цо вайх бина боккха къинхетам бу. НАХЧО а, КЪОНАХ а хилчхьана Цо вайга, Зулкъарнис санна, дуьне куьйга кIела дерзаде, я лаьмнаш лестош, хьуьнарш гайта ца боху. Амма, боху – хьайн хин йолу кхане йохкий Иблисан дуьненахь гIортор хилий дIа ма хIотта.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Просмотров
20 709

Возможно вам будет интересно

Къонахан васт, амалш

  • Инфопортал / Этнография

8-09-2015Просмотров: 3 831

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке).

Источник: nohchalla.com

checheninfo.ru

  • Похожие новости
  • Популярное
  • ДАЙДЖЕСТ
  • Комментируемое

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

  • Къинхетам сочинение на чеченском языке
  • Къизилдин зул сочинение на лезгинском языке
  • Къашкъа духтур сочинение на лезгинском
  • Къач келди сочинение на карачаевском 5кл
  • Къарачайны бушуу кюню сочинение