Нохчийн литература 5 класс (Абулханова А.)
Урокань цIе: Саидов Билалан «Майра кIант Сулима»
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай йуха а дIахьур йу вешан рогIера нохчийн литературин урок.
-Тахана урокехь вайна кхидIа а бевзар бу Саидов Билалан «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйранан чулацам.
Слайд : (Саидов Б. сурт)
Слайд. (суьрташца гойту тайп-тайпана туьйранийн персонажаш)
СЛАЙД
-Тахана вай кхидIа дийцаре дийр ду «Майра кIант Сулима» цIе йолу туьйра
Слайд
-Хьуна дика дийриг,
Диканца хьо вахарг,
-Олий, доладора
Зарията хабар.
Цо иштта долийра
Тховса а шен дийцар,
Со цец цо ваьккхира,
ХIора буса а санна.
Содина шен Седа,
Йа ах шен хьолах
Сулимина дала
Дагахь а дацара.
ХIун дер-те ша аьлла,
Ойлане велира,
Тешнабехк кхин керла
Цо дагалецира.
— ШайтIанийн махка вахийта дагалецира Содас Сулима.Цигахь и тIепIаза вайта. Хаза дуьйцуш йахье воккхий, шайтIанаша лачкъийна йигна цхьаьна мискачу ден-ненан хаза йоI Маьлх-Азни. Ахь деъна хи а мелла ша къонвелла. ХIусамнана а йелла Iаш ву ша, и шена йалон йеза ахьа. Цига вахча и йуха вогIур вац, я Седа цуьнга йахийта йиш а йац аьлласацам бо цо.
-Ца вахча йал схьалуш йацара Содас. Дуьйцучуьра и соцур воций хууш Сулимас сацам бо Маьлх-Азни йало ваха.
Слайд
И сийна стигланаш
Шен йургIа ва долуш,
И Iаьржа латтанаш
КIелбуьллу мотт болуш,
Сецначохь йуьртахой
Акхарой шен йолуш,
Некъ бира Сулимас,
Мацалла гIа дууш.
— Тешаме герзаш карахь долуш , седарчех дага а вуьйлуш дIакхечира кIант акхачу махка.ТIеIоттавелира тамашеначу стагана.
СЛАЙД
Зингатийн гунна тIе
Сема лерг диллина,
Церан къамеле
Тийна ла ша доьгIна,
Тамаше стаг вара
Сакъераделла Iаш.
Цец чIогIа велира
Сулима тамаш беш.
-Ассаламу Iалайкум,-
Аьлла , салам делла,
Оьздачу къамелехь
Цо цуьнга элира:
-Суна гург бакъделахь.
Боккха ницкъ бу иза.
ГIомалла хьоьхь дацахь,
Тамаше ду иза.
— Салам схьа а оьций зингатийн къамеле ладегIначо олу:
Слайд
ХIара тамаше дац,
Тамаше цхьа кхин ду:
Ву, боху, майра кIант,
Сулима цIе йолуш,
Вуьйцу и турпал кIант,
Саьрмак бийна, бохуш.
Дуьненан йистера
Стаг къонвен хи деъна,
Къонвинчу шен дена
Зуда йало лиъна,
Араваьлла, боху,
ШайтIанийн махкара
ЙоI йало дуй биъна.
-Сулимас ша хилар хоуьйту цо вуьйцург. Ши доттагI хуьлий кхин дIа некъ йуьхьарлоцу цу шимма. Эрна арахь гена топ кхуссуш, тIаьхьа а хьодий тоьпан хIоъ схьалоцуш верг кхийтира цу шинна дуьхьал. Салам делла вистхилира иза. Ма тамашийна стаг ву хьо шега аьлча, ша вац тамашийна аьлла шен къамел долийра цо.
— Сулима цIе а йолуш тамаше кIант ву бохуш дуьйцуш ду.«Саьрмак цо бийна, дуьненан йистера стаг къонвен хи а деъна а боху»- аьлла дийца волавелира иза. Иштта шен дена зуда йалон аравьлла а боху.И ахь вуьйцуш волу Сулима ша ву хьуна – элира кIанта.
-Шаьшшиммо арабаьккхина некъ дIабийцира, кхин дIа дан дезачунна барт бира.
-Генна некъ эцна дIабоьлхуш кхарна дуьхьал кхийтира кхин цхьа тамашена стаг.
Слайд
И Iара сакъоьруш,
Хийистехь садоIуш,
Пондарах пIелг туьйсуш
ТIулгаш хелхадохуш.
ТIаьхьара мукъам беш,
Олхазарш гулдина,
Сулима хеставеш,
Акхарой Iадийна.
-Ассалуму Iалайкум,-
Олуш, салам делла,
Цецбовлар хоуьйтуш,
Кхара хаттар дира:
-Тхуна гург бакъделахь,
И доккха хIума ду:
Чохь са доцу тIулгаш
Хьо хелхадохуш ву.
Йиш хаза олхазарш
Ду хьоьга ладоьгIуш.
Дог дера акхарой
Йу хьуна хьесталуш.
Iалам ахь Iадийна,
Хьайна муьтIахь дина:
Кхин хуьлийла доцуш,
Тамаше стаг ву хьо.
-Салам делла, шайна гуш долчух цецбевлла лаьтташ бара уьш. Чохь са доцуш болу тIулг бара хелха боккхуш.
-Со вац тамашена, тIулг хелхабаьккхина волу. Кхин цхьаъ ву тамашена, дуьне цецдаьккхина. Стаг къонвен хи деъна, шен да къонвина волу Сулима ву тамашена.
-Ша ву ахь вуьйцург, элира кIанта. – со а ву хьан накъост элира къонахчо. Иштта доттагIийн тоба стамйелира. ШайтIанийн махкара йоI йалор сацийра.
-Иштта дIабоьлхуш кIотара кхечира накъостий. Даккхий йаьш ихкина каде хьийзаш вара кIотархо. Салам – маршалла а луш тIебахара накъостий. Уллохь накъостий боцуш, гонаха цIа а доцуш, пана кIотарахь ша Iаш вара иза.
Слайд
Тилийна шен стерчий
Гарсаш тIе оьхкина,
Лекхачу гажарш тIехь
Даккхий йаьш ихкина,
Гараш вовшаха хьекхош,
ЦIе марса йохуш,
Каде хьийзаш вара
КIотархо цу дийнахь.
-Салам маршалла а делла, хьо стенна кечлуш ву, хIун деза де ду-те ахь тахана даздеш дерг ? Гарсех кхозуш исс сту ма бу хьан. Мила варе хьоьжуш ву хьо кху шуьне? –аьлла хаттар дира накъосташа кIотархочуьнга.
Слайд
-Шу марша догIийла,
Маьрша а лелийла.
Деза де ас цкъа а
Дац хIинццалц даздина.
Цкъа охьахиъча ас , исс
Сту буу гуттар а,
Мегаш ву со тIаккха,
Исс баттахь ца йиъча.
— «Цкъа охьахиъча исс сту бууш, цул тIаьхьа исс баттахь ца йиъча хьо мегаш велахь, ма доккха тамаше хIума ду иза», -олу накъосташа кIотархочуьнга. -Иза дац доккха хIума. Дуьненахь ву боху майра кIант Сулима. И хеставо Iаламо. Иштта къамел цо дича, Сулимас элира:
— Ахь вуьйцург ша ву. ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо реза велахь дIавола шайца.
—Иштта и буьйса цхьаьна а йаьккхина новкъабевлира доттагIий.
-ДIабоьлхуш уьш кхечира хIордан йисте. Цу йистехь Iаш цхьа стаг вара.
Слайд
ХIинца гинарг дара
Доллучул тамаше:
ХIордан йистехь Iара
Цхьа стаг Iаламате.
Ах хIорд дIамолура,
И охьабуттура.
ТIаккха чу хIуп-олий,
ХIорд ловзабоккхура.
-Шайгахьчул тIех хьуьнар дуьненахь дац моьттуш болу накъостий цунах цецбевлла хьоьжура.
-Юха тIебахана салам а делла , шаьш чIогIа цецдевлла кху балхах аьлла цуьнга бистхилира. Ша дийриг доккха хIама дац , ткъа Содин кIант Сулимас, ца деш хIума дац аьлла къамел дIадолийра хIордан йистехь Iаш волчо. Ткъа шу хIунда лела? Шегара хIун гIо хир дара техьа шуна олу цо.
— Ахь вуьйцург ша ву. ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо а вола тхоьца , доттагIий хир ду вай. Иштта барт хилла новкъа бевлира уьш. Стамлуш схьайогIуш йара накъостийн тоба. Бехха новкъа дIаихира уьш. Шаьш кхача безачу дIа а кхечира.
— Царна дуьхьала шайтIанаш девлира, шайн гIуллакх цаьрга дIа а дийцира. Шу тахана тхан хьеший ду аьлла къамел долийра . Аш деанчу гIуллакхах даккхийчарах цхьаъ ду.
-Шайн махкахь шу доцург адам хилла а дац, аш беънарг генна некъ а бу. Делахь а , шай иштта йоI дIайала йиш яц. Хьуьнарш къовса деза вай-олу шайтIанаша.
-Шу толахь йуьгур йу , амма ца толахь шу тхуна децаш Iийр ду.
-ДIаболийра хьалхара шайн къовсам. Топ кхийса велира шайтIанийн иччархо. Кхузза а кхоьссира. Амма хьешаша цу къовсамехь а толам баьккхира. Шаьш эшна аьлла шайтIанаш къера хилира.
-ШолгIа а къевсира ведда , хьалхаваларх, кхоалгIа къевсира хIума дукха йаъарх. Шайлахь цара сутарверг хьаьржира. Цхьацца сту бара баъа охьабиллинарг, исс сту буучо и шиъ дIакхаьллира. Сутарниг цецваьлла висира. ТIаьххьара къовсам хилийта аьлла дийхира.
СЛАЙД
ШайтIанийн сутарниг
Цецваьлла висира.
Ца хууш дан дезарг,
ШайтIанаш дисира.
Къайлах кхел хаийна,
Уьш дагабевлира.
Цхьа хьуьнар тIаьххьара
Къовсар а дийхира.
— Цхьаьна хьунар тIехь мукъа а толам хила лууш долчу шайтIанаша, стигала кхача лекха лами хIоттинера. Цу тIе а ваьлла , хье юккъе хIоттийна стака гал ца доккхуш, хи тIадам ца Iанош , йуха чувоьссинарг тоьлла лоруш вара царалахь. Цу лами тIе хьалаваьлча Сулимана гира шен да-нана сагIа доьхуш лелаш. Цуьнан бIаьргех хи даьллера, и тIадамаш хи ду моьттуш, самукъадаьлла хьийзара шайтIанаш. Ша охьавоьссича кIанта дийцира шена гинчух лаьцна.Ца тешнера и бIаьргийн хи хиларх, тIаккха бIаьргийн хи дуьра хилар билгалдаьккхира.Чам баьккхича хи дуьра дара. ШайтIанаш ийшира.
— Къайлаха кхин цхьа тешнабехк бара кечбина. Шина тайпана хьолтIамаш йара йина. Цхьаьна шуьнахь йерш дIовш тоьхнарш, вукха шуьнахь йерш дIовш тохаза.
Слайд
ДIовш тоьхний, тохазий
Ши тайпа хьолтIамаш,
Ши йай а оьллина,
Йийр йу шаьш, элира.
Цхьана текха схьайаьхна,
ДIовш тоьхнарш -цаьргахьа,
Тохазниш-шайгахьа
Йохкур йу элира.
Зингатийн къамеле
ЛадугIуш волчунна
Йацара и къайле,
Цунна и хезира.
Тешнабехк и бинчех
Бахийта сацийра,
Шайн пондур локхучух
ХIорш дагабевлира.
ХьолтIамаш схьайаьхна
Текх хьалха хIоттийна.
Пондар локхуш волчо
Мерзех пIелг тесира.
Шаьш халхайевлира
Текхара хьолтIамаш,
Хьаьвзаш гобаьккхина,
Уьш хийцаелира.
-Амма и тешнабехк а шайх бахара. ХьолтIам кхаьл -кхаьллинарг леш, ца кхаьллинарг вуьсуш. И сурт гуш бухахь бисанарш холчу хIиттинера.
-Йуха шайтIанашна дагадогIу аьчкан цIа чу а боьхкина доттагIий баго.
Слайд
Цара аьчках дира
беа кога тIехь цIа.
ХIорш цу чу боьхкина,
Баго барт бинера.
Хьовса буьгу аьлла,
Цу чоьхьа а баьхна,
НеI чехка тIечIаьгIна,
ЦIа чохь уьш битира.
Амма хьалхе дара
Даккхийдер шайтIанаш:
Зингатийн къамелаш
Ша хезаш волчунна
И къайле йацара
Ца хууш йисина.
ХIорш цIа чу бахара,
Цаьрга дог диллийта.
Кхеран накъост вара-
Кийрахь ах хIорд бара.
Йовхо Iаткъа йоьлча,
ЦIа чу хи хоьцура.
Луьйчуш мелчу хи чохь,
ХIорш паргIат Iаш бара.
ШайтIанех шайн дагахь,
Ца бешаш, боьлура.
-Шаьш динчух даккхийдеш, шайтIанаш тешна дара шаьш дагалаьцнарг кхочуш хилла аьлла. Амма уьш чухьевсича доттагIий бийлабелира. ШайтIанаш къовсамехь ийишира. Маьлха- Аьзни сиха кечйина схьайелира.
-Сулимигара а, цуьнан доттагIашкара а дийлинчу хьуьнарех а шийла кхаъ хезна, дог иккхина Сода велира. Шен бахамах а, шен йоIах а вала дезар ла ца делира цуьнга.
-Иштта массо а халонаш, баланаш эшийна Сода ваьхначу керта кхечира майра кIант Сулима.
-Шен да-нана лехна схьадалийра, йайначу йоьIан да-нана схьакарийра. Ткъа Содин бахам мискачу нахана нисса дIабийкъира. Дезаш долу Сулима а, Седа а вовшахкхийтира. Содин кертахь доккха ловзар- той хилира.
-Тойнехь дакъалоцуш адамаш, хьайбанаш, акхарой, олхазарш дара. И той кхаа баттахь лаьттира.
Слайд:
Сурила — готта бертиг йолу кхаба
ГIайре- гондахьа хи долу лаьттан дакъа
ХIуьрлаIан мехкарша — йалсаманехь хуьлу боху мехкарий
ГIомалла — цхьа бозбуанчалла
Йийсар — нуьцкъала лаьцна дигна латтош долу адам
Слайд
-Туьйранехь мел дерг кхоьллина ду. Цуьнан турпалхой цхьана шатайпанарчу заманахь бехаш бу, амма туьйранчийн говзачу матто и зама, таханлерчу, хIинцца гуш дIайоьдучу заманан герга йалайо, йа вай, туьйране ладугIуш дерш, оьций дIадуьгу- туьйранан инзаре- башхачу заманна чу. Вайн туьйранашкахь карабо адамийн ирсе болу сатийсамаш, девза инзаре-башха хIуманаш: адамийн мотт хуу дийнаташ, лаьтта бухара дуьне, адам дендеш, къондеш долу хи, иштта кхиндолу хIуманаш а.
ХIетте а, шу кхета деза и тайпа хIуманаш туьйранашкахь бен хуьлуш доцийла, мел уьш дахарехь хуьлуш –нислуш долчух чIогIа тера делахь а.
-Кху тIехь вай урок йерзор йу!
-Iодика йойла, марша Iойла!
Тест
I. Оцу туьйранехь олхазаро хIунда ца дора эланний, цуьнан оьзданашний Адам цамгарх тодеш а, къондеш а долу Iежаш?
а) Эло нах хьийзабо дела
б) Эла дика стаг волу дела
в) шена ца лаьа дела
2. «Кхо ваша» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина?
а) туьханан тIулгах дай чурт догIа
б) шен чурт ларде
в) шен чурт долчехь буьйсанаш йаха
3. «Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолчу туьйранех , Iахарий цхьана меттехь муха нисделла хилла?
а) тилладелла лелаш
б) сакъоьруш лелаш
в) борз лоьхуш лелаш
4. «Кхо ваша а, саьрмик а» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина?
а) ширачу новкъа ма гIо аьлла
б) ширачу новкъахь хIун ду хьажа аьлла
в) ширачу новкъа гIо аьлла
5. Мила ву автор «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйран ?
а) Сулейманов А.С.
б) Саидов Б. С.
в) Рашидов Ш.Р.
г) Айдамиров А.А.
Сочинение По Чеченской Литературе Майра К1ант Сулима
>>> ПОДРОБНЕЕ ЖМИТЕ ЗДЕСЬ <<<
Сочинение По Чеченской Литературе Майра К1ант Сулима
© Все права защищены. Разработка сайта: Атаев Джохар
Нохчийн литература 5 класс (Абулханова А.)
Урокань цIе: Саидов Билалан «Майра кIант Сулима»
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай йуха а дIахьур йу вешан рогIера нохчийн литературин урок.
-Тахана урокехь вайна кхидIа а бевзар бу Саидов Билалан «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйранан чулацам.
Слайд. (суьрташца гойту тайп-тайпана туьйранийн персонажаш)
-Тахана вай кхидIа дийцаре дийр ду «Майра кIант Сулима» цIе йолу туьйра
— ШайтIанийн махка вахийта дагалецира Содас Сулима.Цигахь и тIепIаза вайта. Хаза дуьйцуш йахье воккхий, шайтIанаша лачкъийна йигна цхьаьна мискачу ден-ненан хаза йоI Маьлх-Азни. Ахь деъна хи а мелла ша къонвелла. ХIусамнана а йелла Iаш ву ша, и шена йалон йеза ахьа. Цига вахча и йуха вогIур вац, я Седа цуьнга йахийта йиш а йац аьлласацам бо цо.
-Ца вахча йал схьалуш йацара Содас. Дуьйцучуьра и соцур воций хууш Сулимас сацам бо Маьлх-Азни йало ваха.
— Тешаме герзаш карахь долуш , седарчех дага а вуьйлуш дIакхечира кIант акхачу махка.ТIеIоттавелира тамашеначу стагана.
— Салам схьа а оьций зингатийн къамеле ладегIначо олу:
-Сулимас ша хилар хоуьйту цо вуьйцург. Ши доттагI хуьлий кхин дIа некъ йуьхьарлоцу цу шимма. Эрна арахь гена топ кхуссуш, тIаьхьа а хьодий тоьпан хIоъ схьалоцуш верг кхийтира цу шинна дуьхьал. Салам делла вистхилира иза. Ма тамашийна стаг ву хьо шега аьлча, ша вац тамашийна аьлла шен къамел долийра цо.
— Сулима цIе а йолуш тамаше кIант ву бохуш дуьйцуш ду.«Саьрмак цо бийна, дуьненан йистера стаг къонвен хи а деъна а боху»- аьлла дийца волавелира иза. Иштта шен дена зуда йалон аравьлла а боху.И ахь вуьйцуш волу Сулима ша ву хьуна – элира кIанта.
-Шаьшшиммо арабаьккхина некъ дIабийцира, кхин дIа дан дезачунна барт бира.
-Генна некъ эцна дIабоьлхуш кхарна дуьхьал кхийтира кхин цхьа тамашена стаг.
-Салам делла, шайна гуш долчух цецбевлла лаьтташ бара уьш. Чохь са доцуш болу тIулг бара хелха боккхуш.
-Со вац тамашена, тIулг хелхабаьккхина волу. Кхин цхьаъ ву тамашена, дуьне цецдаьккхина. Стаг къонвен хи деъна, шен да къонвина волу Сулима ву тамашена.
-Ша ву ахь вуьйцург, элира кIанта. – со а ву хьан накъост элира къонахчо. Иштта доттагIийн тоба стамйелира. ШайтIанийн махкара йоI йалор сацийра.
-Иштта дIабоьлхуш кIотара кхечира накъостий. Даккхий йаьш ихкина каде хьийзаш вара кIотархо. Салам – маршалла а луш тIебахара накъостий. Уллохь накъостий боцуш, гонаха цIа а доцуш, пана кIотарахь ша Iаш вара иза.
-Салам маршалла а делла, хьо стенна кечлуш ву, хIун деза де ду-те ахь тахана даздеш дерг ? Гарсех кхозуш исс сту ма бу хьан. Мила варе хьоьжуш ву хьо кху шуьне? –аьлла хаттар дира накъосташа кIотархочуьнга.
— «Цкъа охьахиъча исс сту бууш, цул тIаьхьа исс баттахь ца йиъча хьо мегаш велахь, ма доккха тамаше хIума ду иза», -олу накъосташа кIотархочуьнга. -Иза дац доккха хIума. Дуьненахь ву боху майра кIант Сулима. И хеставо Iаламо. Иштта къамел цо дича, Сулимас элира:
— Ахь вуьйцург ша ву. ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо реза велахь дIавола шайца.
— Иштта и буьйса цхьаьна а йаьккхина новкъабевлира доттагIий.
-ДIабоьлхуш уьш кхечира хIордан йисте. Цу йистехь Iаш цхьа стаг вара.
-Шайгахьчул тIех хьуьнар дуьненахь дац моьттуш болу накъостий цунах цецбевлла хьоьжура.
-Юха тIебахана салам а делла , шаьш чIогIа цецдевлла кху балхах аьлла цуьнга бистхилира. Ша дийриг доккха хIама дац , ткъа Содин кIант Сулимас, ца деш хIума дац аьлла къамел дIадолийра хIордан йистехь Iаш волчо. Ткъа шу хIунда лела? Шегара хIун гIо хир дара техьа шуна олу цо.
— Ахь вуьйцург ша ву. ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо а вола тхоьца , доттагIий хир ду вай. Иштта барт хилла новкъа бевлира уьш. Стамлуш схьайогIуш йара накъостийн тоба. Бехха новкъа дIаихира уьш. Шаьш кхача безачу дIа а кхечира.
— Царна дуьхьала шайтIанаш девлира, шайн гIуллакх цаьрга дIа а дийцира. Шу тахана тхан хьеший ду аьлла къамел долийра . Аш деанчу гIуллакхах даккхийчарах цхьаъ ду.
-Шайн махкахь шу доцург адам хилла а дац, аш беънарг генна некъ а бу. Делахь а , шай иштта йоI дIайала йиш яц. Хьуьнарш къовса деза вай-олу шайтIанаша.
-Шу толахь йуьгур йу , амма ца толахь шу тхуна децаш Iийр ду.
-ДIаболийра хьалхара шайн къовсам. Топ кхийса велира шайтIанийн иччархо. Кхузза а кхоьссира. Амма хьешаша цу къовсамехь а толам баьккхира. Шаьш эшна аьлла шайтIанаш къера хилира.
-ШолгIа а къевсира ведда , хьалхаваларх, кхоалгIа къевсира хIума дукха йаъарх. Шайлахь цара сутарверг хьаьржира. Цхьацца сту бара баъа охьабиллинарг, исс сту буучо и шиъ дIакхаьллира. Сутарниг цецваьлла висира. ТIаьххьара къовсам хилийта аьлла дийхира.
— Цхьаьна хьунар тIехь мукъа а толам хила лууш долчу шайтIанаша, стигала кхача лекха лами хIоттинера. Цу тIе а ваьлла , хье юккъе хIоттийна стака гал ца доккхуш, хи тIадам ца Iанош , йуха чувоьссинарг тоьлла лоруш вара царалахь. Цу лами тIе хьалаваьлча Сулимана гира шен да-нана сагIа доьхуш лелаш. Цуьнан бIаьргех хи даьллера, и тIадамаш хи ду моьттуш, самукъадаьлла хьийзара шайтIанаш. Ша охьавоьссича кIанта дийцира шена гинчух лаьцна.Ца тешнера и бIаьргийн хи хиларх, тIаккха бIаьргийн хи дуьра хилар билгалдаьккхира.Чам баьккхича хи дуьра дара. ШайтIанаш ийшира.
— Къайлаха кхин цхьа тешнабехк бара кечбина. Шина тайпана хьолтIамаш йара йина. Цхьаьна шуьнахь йерш дIовш тоьхнарш, вукха шуьнахь йерш дIовш тохаза.
-Амма и тешнабехк а шайх бахара. ХьолтIам кхаьл -кхаьллинарг леш, ца кхаьллинарг вуьсуш. И сурт гуш бухахь бисанарш холчу хIиттинера.
-Йуха шайтIанашна дагадогIу аьчкан цIа чу а боьхкина доттагIий баго.
-Шаьш динчух даккхийдеш, шайтIанаш тешна дара шаьш дагалаьцнарг кхочуш хилла аьлла. Амма уьш чухьевсича доттагIий бийлабелира. ШайтIанаш къовсамехь ийишира. Маьлха- Аьзни сиха кечйина схьайелира.
-Сулимигара а, цуьнан доттагIашкара а дийлинчу хьуьнарех а шийла кхаъ хезна, дог иккхина Сода велира. Шен бахамах а, шен йоIах а вала дезар ла ца делира цуьнга.
-Иштта массо а халонаш, баланаш эшийна Сода ваьхначу керта кхечира майра кIант Сулима.
-Шен да-нана лехна схьадалийра, йайначу йоьIан да-нана схьакарийра. Ткъа Содин бахам мискачу нахана нисса дIабийкъира. Дезаш долу Сулима а, Седа а вовшахкхийтира. Содин кертахь доккха ловзар- той хилира.
-Тойнехь дакъалоцуш адамаш, хьайбанаш, акхарой, олхазарш дара. И той кхаа баттахь лаьттира.
ГIайре- гондахьа хи долу лаьттан дакъа
ХIуьрлаIан мехкарша — йалсаманехь хуьлу боху мехкарий
Йийсар — нуьцкъала лаьцна дигна латтош долу адам
-Туьйранехь мел дерг кхоьллина ду. Цуьнан турпалхой цхьана шатайпанарчу заманахь бехаш бу, амма туьйранчийн говзачу матто и зама, таханлерчу, хIинцца гуш дIайоьдучу заманан герга йалайо, йа вай, туьйране ладугIуш дерш, оьций дIадуьгу- туьйранан инзаре- башхачу заманна чу. Вайн туьйранашкахь карабо адамийн ирсе болу сатийсамаш, девза инзаре-башха хIуманаш: адамийн мотт хуу дийнаташ, лаьтта бухара дуьне, адам дендеш, къондеш долу хи, иштта кхиндолу хIуманаш а.
ХIетте а, шу кхета деза и тайпа хIуманаш туьйранашкахь бен хуьлуш доцийла, мел уьш дахарехь хуьлуш –нислуш долчух чIогIа тера делахь а.
I. Оцу туьйранехь олхазаро хIунда ца дора эланний, цуьнан оьзданашний Адам цамгарх тодеш а, къондеш а долу Iежаш? а) Эло нах хьийзабо дела б) Эла дика стаг волу дела в) шена ца лаьа дела
2. «Кхо ваша» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина? а) туьханан тIулгах дай чурт догIа б) шен чурт ларде в) шен чурт долчехь буьйсанаш йаха
3. «Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолчу туьйранех , Iахарий цхьана меттехь муха нисделла хилла? а) тилладелла лелаш б) сакъоьруш лелаш в) борз лоьхуш лелаш
4. «Кхо ваша а, саьрмик а» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина? а) ширачу новкъа ма гIо аьлла б) ширачу новкъахь хIун ду хьажа аьлла в) ширачу новкъа гIо аьлла
5. Мила ву автор «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйран ?
Конспект урока на тему » Майра к 1 ант Сулима «
5 класс Урок№8 — Урок 95
Сочинение Майра Сулима — Школьные Знания.com
Сочинение майра сулима — Знания.site
16-18 УРОК . МАЙРА К 1 АНТ СУЛИМА САИДОВ Б — Зулпа Алиевна…
Чеченский Язык Сочинение Майра К 1 ант Сулима | Рефераты…
КЕРЛА ТУЬЙРА — 20 Марта 2009 — ПИСУЛИГ | Майра к 1 ант
«Храбрый Сулим «.
Сочинени | Школьные файлы SchoolFiles.net
Другие предметы: Сочинение Майра Сулима
Рассказ на чеченском языке. Храбрый мальчик Зийны / Проза.ру
САИДОВ БИЛАЛ (1914 – 1994) | ИА Чечня Сегодня
5 класс 68 сахьт Изложени -4, сочинени -2 — Документ
Сочинение Майра Сулима — MatFaq.ru
Изложение по чеченской литературе 5 класс майра к 1 ант сулима
Абайдың Ескендір Поэмасы Туралы Эссе
Реферат По Физике 7 Класс
Контрольная Работа По Биологии Клетка 9 Класс
Клише Сочинения По Русскому 9.3
Реферат Обучение Техники Прыжка В Длину
Арсанукаев Iабдулла
Саидов Билалин дахар а, исбаьхьаллин кхолларалла а театраца, искусствоца йозаделла хилла. Билал школехь доьшуш волуш, кхеран юьрта МахктIе еана театран труппа. Цара хIоттийнчу спектакле иза чекхъяллалц дукха лерина хьаьжна кIант. ХIетахь театре бахана безам гуттаренна а бисира шеца, олуш хилла Саидов Билалас.
Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздина Саидов Билалех лаьцна: «Нохчийн къоман исбаьхьаллин литература а, искусство а кхиаран юьххьехь лаьттинчу Бадуев СаьIидаца, цуьнан вешица Мовждица, Исаева Асетаца, Зубайраев ЯрагIица, Батукаев ХIаронца цхьаьна, цара гIо деш, цаьргара Iемаш, Билала белхаш бина актеран а, режиссеран а, гочдархочун а даржашкахь. Амма шен дерриг дахар а, ша-тайпа похIма а Билала дIаделира къоман исбаьхьаллин литература, къаьсттина поэзин жанр, кхиоран халчу, сийлахьчу гIуллакхна. …Б. Саидовн поэзин коьрта тематика яра Даймохк, къонахалла, доттагIалла, безам. Цунна дика хаара шен Даймахках къастар хIун ду. Сталинан репрессийн муьрехь цо ша лайнера ша винчу махках къастаро, цуьнга генара сатийсаро яхьаш йолу, шех иштта олуш йолу хала цамгар – ностальгия. Билал шен мехкан а, шен къоман а бакъволу кIант вара: гIиллакхе, оьзда, догцIена, дуьненан а, адамийн а хазалла евзаш а, езаш а».
Нохчийн поэт, драматург, гочдархо Саидов Билал вина 1914 шеран 10 июнехь Нохчийчоьнан Веданан районерчу МахкатIехь ахархочун СаьIидан доьзалехь. Шайн юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIала веана Билал. Шена дезачу театральни гIуллакхашна герга гIерташ хилла кIант. 1929 шарахь исбаьхьадллин самодеятельностана юкъавахна иза. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу «Пролетбат» клубан исбаьхьллин самодеятельностана куьйгалла дар тIедуьллу цунна. Соьлжа-ГIалахь 1931 шарахь театральни студи схьайиллича, цига деша кхайкхина Саидов Билалига. Студехь дешарца цхьаьна суфлеран а, режиссеран гIоьнчин а белхаш бо цо. Театральни гIуллакхех кхиарехь мехала дара иза. Студи чекхъякхинчул тIаьхьа Саидов Билал Тбилиси гIала Руставели цIарах йолчу театран студин режиссерин отделени деша воьду. Кхузахь волуш 1934-чу шарахь язйо цо шен дуьххьарлера поэтически произведенеш. Уьш, хIетахь шен альбом тIе дIаязйо цо, накъосташна йоьшу, амма уьш ледара хеташ, зорбане ца елла цо. 1937-чу шарахь Билалин дешнашца «Марем» цIе йолу йиш дIалекхна Нохч-ГIалгIайн радиокамитетан зударийн хоро. Иза хилла цуьнан дуьххьарлера халкъа юккъе яьлла произведени.
1936 шарахь Тбилисера Руставели цIарах йолу театральни студи чекх а яьккхина цIа веача, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театрехь болх бо Саидов Билалас актер а, режиссеран гIоьнча а, цул тIаьхьа режиссер волуш а.
Бадуев СаьIидаца доттагIаллин а, кхоллараллин а уьйраш хилла Саидов Билалин. Цуьнан беркатечу тIеIаткъамца драматургехь болх бан волавелла иза. Юьхьанца оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а драматургийн пьесаш нохчийн матте йоху Саидов Билалас. Цо гочйина Ж. Мольеран «Хилаза ца ваьлла хилла лор» Б. Виткевичан, Л. Соловьевн «Молла-Несарт» комедийш. Уьш боккхачу кхиамца хIиттийна Нохч-ГIалгIайн драматически театро.
Саидов Билалин дуьххьарлера драматургически произведени ю «Зайнап» цIе йолу исторически драма. XIX бIешарахь нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латтийна къийсам гойтуш йолчу оцу драми боккха кхиам хилира. Республикехъ 1939 шарахь дIаехьначу конкурсехь драматургически произведенеш юккъехь шолгIа преми елла цунна. Къоначу драматурга дика кхиам бара иза. Хьовсархоша чIогIа езаш тIе а оьцуш, театро еххачу хенахь хIиттийна оцу пьеси тIехь спектакль. 1939 шарахь СССР-н яздархойн Союзе дIаэцна Саидов Билал.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь 1941-1942 шерашкахь Саидов Билал эскарехь хилла, цул тIаьхьа “Красное знамя” газетан жоьпаллин секретаран болх бина.
Оцу буьрсачу муьрехь кIорггера патриотически стихаш язйина цо. «ДIахоалда хьуна” «КIанте», «ТIемалочуънга”, «Советски эскар», кхечу а стихотворенешкахь вайна го даймохк мостаг1чух ларба гIевттинчу тIемалойн майра дог-ойла. Мостаг1 мел ницкъ болуш велахь а, цунна тIехь толам боккхург хиларх тешна ву поэтан лирически турпалхо.
Саидов Билалин «ТIемалочуьнга» стихотворени, цуьнан кхиерш а санна, шеца чолхе йоцуш, хIор дешан къеггина маьIна долуш, кхета атта, амма ондда интонаци йолуш язйина ю. Цу тIехь дика гучуйолу бакъонехьа къуьйсуш болчу тIемалойн патриотизм, майра дог-ойла. ТIемалойн хьуьнар, оьздангалла шайца билгалйолучу «майра леташ», «маршо… ларъеш», «сий», «турпалчарах» бохачу дешнаша гIо до паргIатонан идеалаш Iалашъеш волчу бIаьхочун дог-ойла йовза. «Советски эскар» цIе йолчу стихотворени тIехь автора чIагIдо вайн тIемалой – «дог майра лоьмаш» мостагI цуьнан шен «бенахь» вохор волуш хилар. Кхечу стихотворенин лирически турпалхочо боху: «Дог дера сан майра кIант, етташ ата мостагIа».
Вайнехан къам махках даьккхинчу хенахь 1944 – 1956 шерашкахь нохчийн поэташа, прозаикаша произведенеш язйина, амма зорбанехь ара ца йийлина, нохчийн маттахь цхьа хIума зорбатухуш яцара, иза Iедало дихкина дара. Дешна, йозанан корматаллаш йолу нах дукхахьолахь шайна хьакъ боллучу балха ца бахийтина. Уьш тайп-тайпанчу меттигашкахь: гIишлошъярехь, йохкаэцарехь, колхозашкахь, шахташкахь, кхечухьа а рицкъ лаха дезаш хилла. Саидов Билалас йохкаэцарехула йолчу органицешкахь белхаш бина Киргизин Кешински районан цхьана генарчу поселкехь.
Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь дуьйна Саидов Билалас тIевирззина болх бо поэзехь, драматургехь. Драматически, тайнагийн театраш юха меттахIитторехь гIуллакх до. Иштта Саидов Билалас жигара дакъалоцу 1957 шарахь республикански тайнагийн театрехь къоман труппа вовшахтухуш, цуьнан дуьххьарлера режиссер а хилла иза. 1959-1964 шерашкахь иза куьйгалхо вара Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран литературни декъан. Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзехь (литфондан заведующи) белхаш бина цо. Театран сцени тIехь кхиамца хIиттийна цуьнан пьесаш а. Саидов Билалас язйина 12 драматургиически ироизведени. Царах ю «Зайнап», «Иштаниг ца могуъйту», «Стагах теша веза, амма…» цIераш йолу яккхий драмаш, «Чолхе захало», «Мерцхиг а, кхиберш а», «Иштанаш а хуьлу», «Гергарнаш» боху комедийш а, «Iовдал шайтIа», «Молла вицвелла», «Хьо вуй цаьрца?» пьесаш а, тайнагийн театрана язйина йолу «Ламанаш самадовлуш ду», «Хьуьнаре тIаьхье», кхиолу пьесаш а. Саидов Билалин драматурги а, драматург санна и ша а дика вевзаш вара. Ерригроссийски театральни юкъараллин (Всероссийское театральное общество) декъашхо а вара иза.
Йоккха ю Саидов Билалин поэтически кхолларалла а. Цуьнан поэтически произведенеш арайийлина «Къоначийн аьзнаш», «ДоттагIалла», «Октябран серлонехь» цIерш йолчу а, кхечу а юкъарчу поэтически сборникаш тIехь, «Орга» аьлманаха тIехь, «Ленинан некъ» газета тIехь. Оьрсийн маттахь зорбатоьхна юкъарчу сборникаш тIехь Москвахь, Ростовхь, Нальчикехь, Орджоникидзехь, Соьлжа-ГIалахь. Поэтан шен 14 – 15 поэзин книгаш араевлла.
Авторан дуьххьарлера поэтически книга «Дуьненна — машар» араяьлла 1959 шарахь. Даймахках, маьршачу дахарх, адамийн комаьршонах лаьцна стихотворенеш, поэмаш яра цу тIехь зорбатоьхна.
Вина мохк, вина юрт хьоме ю хIор стагана а. Шен махках, шен халкъах, дайн ламастех дIахаьддарг ирсе ца хуьлу. Сирла ойла, синпаргIато луш ерг шен махкаца, адамаца мерза уьйраш хилар ду.
Жималлехь левзина
Хаза урамаш,
Къонахий хIиттина
Юьртан майданаш,
КIентийн дой хьийзина
Бай сийна тогIенаш
Ца тиги йицъяла,
Валарх мел гена.
Иштта гойту Саидов Билалас “Вина юрт” цIе йолчу шен стихотворени тIехь еххачу хенахь Даймахках къаьстина леллачу лирически турпалхочун дог-ойла.
1963 шарахь араяьлла поэтан “Деган аз” стихотворенийн, поэмийн керла книга. ДоттагIалла, безам, тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамийн йовха уьйраш ю авторан керлачу произведенийн чулацамехь. «Деган аз» стихотворенин цIарах ю поэтан книга. И стихотворени книги тIехь дикачарах ю. Цуьнан лирически турпалхо адамашкара гIайгIа-бала дIаэцаран, массо а стаг ирсе, паргIатоне кхачоран ойлаеш ву. Дуьненахь хуьлуш долчу дерриге гIуллакхашна ша жоьпаллехь хета цунна, цундела цуьнан ойла массанхьа а кхочу:
Декахьа, деган аз,
Цу стигал Iаьрчашкахь, –
Даржахьа, мерза аз,
Доллучу лаьтта тIехь,
Кхайкхахьа, майра аз,
Дуьненан халкъашка,
Машаран сирла аз,
Кхарстахьа дегнашка.
ГIайгIано таIийнарг
Синтеме валавеш,
Харцоно Iехийнарг
Кхетамчу валавеш,
Некъаха дIатилларг
Схьа юкъа озавеш
Некъ бехьа, деган аз,
КIаддалар ца хууш.
Диканиг кхайкхош, вон дIаоьцуш, адамаш шайн ойланца, лаамца паргIат дохуш дека боху цо деган озе. Поэтан лирически турпалхо адамашна орцахвала кийча ву. «Къинхьегам къахьбелларг балха тIе верзавеш», курваьлларг гIиллакхе валош, зулам дан гIаьттинарг машаре хьовзавеш даржа, боху цо деган озе. Адамашна беркат лохуш ву Саидов Билалин лирически турпалхо.
«Меттиган сурт» цIе йолчу стихотворени тIехь поэта исбаьхьаллин басаршца дуьллу даймехкан Iаламат сурт. Амма даймохк хазбийриг исбаьхьа Iалам хилла ца Iа, иза адамийн оьзда гIиллакхаш, комаьршо, беркате гIуллакхаш, хаза дог-ойла хилар чIагIдо автора, къаьмннашна юкъахь гергарло, доттагIаллин, вежараллин уьйраш хилар кхайкхадо.
Саидов Билалин стихаш шайца чолхе йоцуш хуьлу, поэзин гIирсаш чуччахула бохуш язйина йоцуш, еша а, кхето а атта ю уьш.
Ламанаш, ламанаш,
Кхин дIа а ламанаш,
Локхаллехь кхийсалуш
Ламанийн и баххьаш,
Сеналлехь къийсалуш
Басошкахь и хьаннш,
Халла бен ца къаьсташ
Варшашкахь и ярташ
Малхбасахь ярташкахь
Кемсийн и хорханаш,
Ша-тайпа чам болуш
Бес-бесар и стоьмаш,
Цу бошмийн юькъаллехь
Гуш доцу и цIенош,
Цу цIенойн дукхаллехь
ГIиллакхе адамаш.
Цхьа шера дечу къамелан кепехь, хьалхара стих цунна тIаьхьа йогIучуьнца тIе а юзуш, схьадаржадо поэта ша кхуллуш долу исбаьхьаллин сурт. Дукхахьолахь паргIатчу къамелан интонаци а хуьлу цуьнан стихашкахь. Шайца чолхенаш йоцуш, хьулдина маьIна доцуш хуьлу уьш. Саидов Билалас шен стихашкахь сов тIехь ца лелайо метафораш, дустарш, эпитеташ, юьхьедерзор. Оцу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсех ша пайдаоьцуш хилча а, шен ойланан маьIна атта гучудолучу кепехь хIоттайо цо стих. Масала, поэтан шуьйра евзаш йолчу «Ненан мотт» стихотворенин ши строфа:
Хьо бийца Iемар вац
Дагна хьо ца безарг.
ЮьхькIайн а лелар вац
Хьо бийца цахуург.
Нехан говра хиъна
Вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву
Хьо хийра леринарг.
Хьуо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо.
Хьуо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Саидов Билалас язйина гуьржийн махках, гуьржийн къомах лаьцна йолу стихотворенеш а. Шайн дикачу исбаьхьаллица къаьсташ ю уьш. Царах лаьцна, «Стихи о Грузии чеченского поэта» цIе а йолуш, статья зорбатоьхна 1967 шеран 5 январехь арадаьллачу “Вечерний Тбилиси” газета тIехь. Шайн махаках лаьцна йолчу нохчийн поэтан стихашна реза хиллера гуьржий.
Алссам поэзин книгаш арахецна Саидов Билалас. Даймехкан аьхналла, беркате лаамаш, тешамечу доттагIаллин, цIенчу безаман уьйраш, поэтан деган йовхо хаало «Деган аз», «Ламанан шовда», «Лаам», «Деган иллеш», «Сан безам», «Хаьржинарш» цIерш йолчу поэтически книгашна юкъаяханчу произведенешкахь.
Берашна лерина поэтически произведенеш а язйина Саидов Билалас. Реза хилла тIеэцна кегийчу книгашъешархоша стихашца яздина туьйранаш «Майра Сулима», «Сулимии цIархо», «Сулимас лелийнарш», «Сулимин цIархо седарчийн махкахь». Царна зорба тоьхна оьрсийн, гIалгIайн меттанашкахь а. Оьрсийн маттахь Саидов Билалин масех поэтически книга а араяьлла. Цуьнан цхьайолу произведенеш гуьржийн, эрмалойн, украинийи, хIирийн меттанашкахь зорбатоьхна ю. Саидов Билал ша а вара гоьваьлла гочдархо. Цо нохчийн матте яьхна шовзткъе иттаннал сов йоккха а, жима а драматургически произведенеш – пьесаш кхиамца хIиттийна Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро а, Республикин тайнагийн театро а. Царна юккъахь ю Ж.Б. Мольеран, К. Гольдонин, Ф. Г. Лоркин, Э. М. Ремаркан,
А. Н. Островскийн, А. П.Чеховн, К. А.Треневн, Ч. Айтматовн, Б. Горбатовн, И. Базоркинан, Г. Мдивани пьесаш.
М. Ю. Лермонтовн «Вайн заманан турпал» цIе йолу роман а, цуьнан угар дикачарах шийтта стихотворени а нохчийн матте яьккхина цо.
Саидов Билалас ша а, кхечу авторшца цхьаьна а язйина йолу алссам пьесаш хIиттийна Республикин тайнагийн театро. Царна юкъахь яра «Ламанаш самадовлуш ду», «Хьуьнарен тIаьхье», кхийолу пьесаш.
Саидов Билалин поэзино тIеIаткъам бина цул тIаьхьа нохчийн литературе баьхкинчу яздархойн кхоллараллина. Масала, Бурчаев Хьаьлима шен цхьана статья тIехь гайтина нохчийн халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин поэзехь мелла а Саидов Билалин тIеIаткъам хаалуш хилар.
Нохчийн драматурги а, поэзи а кхиарехь мехала хилла Саидов Билалин кхолларалла.
Саидов Билал кхелхина 1994 шеран 15 ноябрехь Соьлжа-ГIалахь.
Саидов Билалин кхолларалла нохчийн къоман исбаьхьаллин хазни юккъехь ю.
ПРОИЗВЕДЕНЕШ
НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Дас – кIанте // Ленинан некъ. 1941. 14 сент.
Поэте // Ленинан некъ. 1957. 18 июль.
Айзан // Ленинан некъ. 1957. 30 авг.
Октябрь // Ленинан некъ. 1957. 3 авг.
БIаьстенан Iуьйре // Ленинан некъ. 1957. 9 окт.
Нана // Ленинан некъ. 1957. 15 сент.
Ленин // Ленинан некъ. 1957. 12 дек.
Турпала бIаьхо // Ленинан некъ. 1959. 15 март.
Хьоме хьаша // Ленинан некъ. 1959. 3 апр.
Турпала бIаьхо (Ханпаша дагалоцуш) // ДоттагIалла. 1959. № 2. А. 85.
Дуьненна — машар. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1959.
Ши зама // Орга. 1961. № 2. А. 56.
Лумумба – сан ваша // Орга. 1962. № 4. А. 46.
ДоттагIалла // Ленинан некъ. 1963. 19 июль.
Деган аз. Стихаш. Грозный, 1963.
Ламанан шовда. Стихаш, поэмаш. Грозный
Деган иллеш. Стихаш, поэмаш. Грозный
Лаам. Стихаш, поэмаш. Грозный
Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш. Грозный
Майра Сулима. Туьйра. Грозный, 1967.
Сулимии цIархо. Туьйра. Грозный. 1968.
Сулимас лелийнарш. Туьйра. Грозный
Сулимин цIархо седарчийн махкахь. Берашна туьйра // Саидов Б. Сан безам. Грозный, 1989. А. 110 – 171.
Сан безам. Стихаш, поэмаш, берашна туйра. Грозный, 1989.
Ненан мотт. − Лаам. − Ма къега сел сирла. − Поэте. − Дахаран новкъахь. Стихаш // Кн. тIехь: Нохчийн поэзи. Соьлжа-гIала. 2011. А. 31-40.
Хаьржинарш. Стихаш, проза. М. 2012.
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Ленин // Дружба. 1958. № 1. С. 17.
Дружба. Пер. // Комсомольское племя. 1961. 19 февр.
Солнце в горах. Стихи. Грозный, 1966.
Храбрый Сулима. Грозный,1967.
www.ChechnyaTODAY.com
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Скачать материал
Скачать материал
- Сейчас обучается 56 человек из 32 регионов
- Сейчас обучается 103 человека из 42 регионов
Описание презентации по отдельным слайдам:
-
1 слайд
Саидов Билал Саидович
(1914-1994)«Вина юрт»
стихотворени -
2 слайд
Йиллина урок
Предмет: нохчийн литература
Тема: Б. Саидов «Вина юрт» стихотворени.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран.
Урокан белхан некъ: къамел дар, 1аматца болх (стихотворенин анализ) яр.
Урокан белхан кеп: ша-ша а,тобанашкахь а болх бар; проект яр. -
-
4 слайд
Урокан 1алашонаш:
Предметни
кхеторан: «Вина юрт» дийцаран чулацам бовзийтар; байтан анализ ян , исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш билгалбаха хаар; говзаран коьрта маь1на даккха хаар, 1амар.
Метапредметни:
Кхиоран: (регулятивни): шена хьалха х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина, оцу г1ирсех пайда а оьцуш, 1амат т1ехь шена оьшу хаам схьа а лохуш, кхоллараллин болх бан, (синквейн, байт кхолла,и.д1.кх.а) 1амар.
кхетош-кхиоран :(личностни): винчу юьрте, шен Даймахке болу безам шен нене санна, бовха а, хьанала а, даггара а хилар ч1аг1дар .
коммуникативни: шен накъосташка ладог1а а,шен хьежаман ойла кхолла а хаар,и ойла нийса а, кхоччуш юьззина йовзийта а хаар. -
-
6 слайд
Маршалла хаттар. Урокана дешархой кечбар.
1. Догдаийтаран мур
Хьехархо: -Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! -Лераме хьеший, шу марша а дог1ийла!
-Бераш, хьовсийша , корехула схьагуш ма хаза, къегина де ду! Шун самукъадолий ишттачу дийнахь? Шун яххьаш самукъане-м го суна. Дешархой: Самукъадолу тхан, арахь иштта де хилча.
Хьехархо: Со а хуьлу шуна иштта самукъане, шун самукъадаьлча. Х1инца, иштта лаккхарчу синх1оттамца, к1орггера хаарш схьаэцархьама, 1илманан к1оргене кхачаран 1алашонца вешан рог1ера нохчийн литературин урок д1айолаей вай? Шу реза дуй?
Дешархой: Дера ду. Делахь вай д1айолор ю вешан йиллина урок.
Хьехархо: Дала беркате бойла вайн болх! -
7 слайд
2. Хаарш лехаме дахар. Ц1ахь бан белла болх таллар.
Хьехархо: -Бераш, аса ц1ахь бан х1ун болх беллера шуна?
Дешархой: -Саидов Билалан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш (докладаш) кечйе аьллера. Хьехархо: -Шу кийча дуй оцу балхана? Дешархой:-Ду. Хьехархо: -Делахь, вай и болх толлур бу хаттаршца. Вайн белхан хан эвсаре хилийта 3-а тобане декъало. Х1ора а тобано 2-шша хаттарна жоьпаш лур ду.
Хьехархо: 1-ра тоба: -Маца, мичахь вина Саидов Билал?
Дешархо: -Саидов Билал вина 1914-чу шеран 10-чу июнехь Веданан к1оштарчу Махкат1ехь.
Хьехархо: 2-г1а тоба: — Мичахь дешна? Белхаш мичахь бина? Дешархо:- Цкъа хьалха Махкат1ехь школа чекхъяьккхина. -
8 слайд
Махкат1е — вина юрт (1930 шш.)
-
9 слайд
т1аьхьа, Тбилисехь Ш.Руставели ц1арахчу театран студехь. Белхаш бина Х.Нурадиловн ц1арахчу драмтеатрехь актер, режиссер, Нохч-Г1алг1айн Союзехь литфондан заведущи. Хьехархо: 3-г1а тоба: Муьлха произведенеш язйина? Дешархо: «Ненан мотт», «Дуненна машар», «Деган аз », «Вина юрт», Майра к1ант Сулима», Сулимин ц1архо»…
Хьехархо: Муьлхачу яздархойн говзарш гочйина Саидов Билала? Дешархо: Цо гочйина Мольеран А.Островскийн, А.Чеховн, Ч.Айтматовн пьесаш.
Ц1е яккха цуьнан уггар а халкъалахь езаш йолчу байтан. Хьехархо: Шуна дагах хьакхаелларг муьлха произведени ю Саидов Билалан?
Дешархо: «Ненан мотт» стихотворени ю. -
10 слайд
3. Керла коьчал йовзийтар. Хьехархочун дош.
Хьехархо: -Бераш, бераллехь дуьйна и шен ненан мотт а, вина юрт а еза а езаш, царах ваьлча тоха са а доцуш,шен дахаран ирс шен жимчу Даймехкан ирсаца доьзна волчу поэтан ойла ю-кх вайна таханлерчу керлачу коьчалан декъехь вайна евза ерг Саидов Билалан «Вина юрт» ц1е йолчу байтан чулацамехь.
Ткъа х1инца вайн экрана т1е хьовса, презентаци т1ера керлачу урокан чулацам д1абеша, цунна т1ехь болх бан кечло кхуьй а тоба. -
11 слайд
Саидов Билал «Вина юрт» стихотворени.
-
12 слайд
Жималлехь левзина хаза урамаш
Къонахий х1иттина юьртан майданаш,
К1ентийн дой хьийзина бай сийна майданаш
Ца тиги йицъяла, валарх мел гена.Бода д1аэккхабеш, дашо малх хьаьжча,
Ламанан бохь кхолуш, з1енарш схьакхетча,
Вовшашка кхаъ боккхуш, шовданаш декаш,
Ма хазло Махкат1е, дог мерза хьоьстуш!Хьан юькъчу хотешкахь къоркхокхий декаш,
Шовданийн кортошкахь мехкарий соьцуш,
Сирлачу школашкахь берийн аз декаш,
Товш ю хьо тахана, б1аьрг серлабоккхуш.Хьан лаьмнаш х1иттийна 1алам ду говза,
Хьан хьаннаш кхиийна ду и комаьрша.
Къинхетамбезачийн ирс алсамдаьлла,
Ца карий цхьанххьа а меттиг хьол мерза. -
13 слайд
Кхин гуьнахь шен доцу дег1ан чарх идош,
Кхин чаккхе шен йоцу некъ юьхьарлоьцуш,
Хийла г1улч ехира.хьо дагалоьцуш,
Г1аланаш яккхийчохь 1илманан бух лоьхуш.Со жимчохь къаьстира езначу ненах.
Хьох херавелира,дог хьоьца дуьтуш.
Ненан сурт хьайчуьнца дуьхьал а х1уьттуш,
Зама ас кхийхьира тахане лоьхуш.Цамгаро г1елдина дег1 те1а доьлча,
Жималлехь яьгна ц1е г1елъяла йоьлча,
Хьоьга ассатийсар даздала доьлча,
Нигат ди ас верза езначу юьрта.Дахаро 1ехийна со воккхаверах,
Балано та1ийна со холчух1оттарх,
Зама д1аэхарехь хийцамаш хиларх,
Хьоь болу сан безам жимлур бац цкъа а. -
14 слайд
Тамашен ю зама шен новкъа йоьдуш,
Со жима бер долуш хьо къена яра,
Х1инца со къанвелча,хьо къонлуш лаьтта.
Реза ву хийцамна хьо т1ех езарна.Хьо къонъеш,ц1инъеш дерг къахьоьгу халкъ ду,
Хьанал къахьоьгуш верг даима сийлахь ву.
Ледарло д1атоттуш,доьналла хьостуш,
Яхалахь,кхиалахь сирлачу новкъахь! -
15 слайд
4.Керлачу коьчалан чулацам т1еч1аг1бар Хьехархо:- Мичахь 1уьллуш ю Махкат1е, автора дийцарехь? Дешархо:- Лаьмнашна юккъехь 1уьллуш ю. Хьехархо: -Муха кхета шу « б1аьрг серлабоккху» бохучу дешнех? Дешархо: -Цара самукъадалар,воккхавер гойту. Хьехархо: Х1ун олу вайн нохчийн меттан лексикехь ишттачу дешнех? Дешархо: -Фразеологизмаш олу. Хьехархо: -Стенца бусту автора шен винчу юьрте болу ц1ена безам? Дешархо: -Автора иза шен нене болчу безамах бусту. Хьехархо: -Поэтана хетарехь х1ун ду и юрт ц1инъеш дерг? Дешархо: -Хьанал къахьоьгуш долу халкъ ду. Хьехархо: -Х1ун башхалла ю автора 1алам гайтаран? Дешархо:-Йоьшуш волчун синхаам айъар ду , к1орггера 1аламан сурт х1отторца.
Хьехархо:- Билгалбаха и суртх1отторан г1ирсаш кху кепехь: -
-
17 слайд
1-ра тоба: Эпитеташ: Дешархой: хаза урамаш, бай сийна майданаш, дашо малх… 2-г1а тоба: Метафораш: Дешархой: комаьрша 1алам, дахаро 1ехийна, хьо къена яра… 3-г1а тоба: Олицетворенеш: Дешархой:шовданаш дека, вовшашка кхаъ боккху… Хьехархо: Муха ду «Вина мохк» стихотворенин идейни маь1на? Дешархой: Автора шен ойланца ч1аг1до вайна «вина мохк мазал а мерза бу» боху кица. Хьехархо: Ткъа и бакъдерг шуьга ч1аг1лур дарий халкъан кицанашца? Дешархой: «Шен ц1а-ц1ен ц1а»,«Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо»
«Винчу мехкан х1аваъ а ду чоме». Хьехархо: Ма дика бераш ду шу! 5.Сада1аран минот. Хьехархо: Ткъа х1инца «Даймохк» эшаре ла а дуг1уш, садо1у вай. -
18 слайд
5. Проект яр. Кхоллараллин болх. Хьехархо: -Хьоме бераш,шуна езий шайн дай баьхна ярташ вайн байтан а,эшаран а авторшнасанна дукха? Дешархой: Дера еза. Хьехархо: Делахь,х1инца шун таро хир ю и бовха безам вайна схьагайта. Ас а шуна ц1ахь бан беллачу белхан 2-г1а т1едиллар дара шайн дай баьхначу яртийн суьрташ да аьлла… Вай х1инца проект йийр ю . Аша (3 тобано)х1ораммо а тплакат кечде и цхьацца сурт т1е а латош, царна бухахь язде винчу юьртах(Даймахках)лаьцна кхарах цхьаъ: 1) синквейн; 2)кицанаш я аларш; шаьш кхоьллина байт (4 мог1а).
Х1ора а тобанан баьччас я цхьана декъашхочо йовзуьйтур ю шайн проект. Дала аьтто бойла шун! -
-
20 слайд
Хьехархо: -Хьоме дешархой,муха ц1е тилла мегар дара вай вешан проектана?
Дешархой: Вай тилла мегар дара ц1е «Хьоме юрт», «Сан ч1аг1о», « Дайн кхерч» и.д1.кх а.
Хьехархо: -Хаза ц1ерш ю. И ерриг ц1ерш юкъа а лоцуш, «Вина юрт-жима Даймохк» аьлла ц1е тиллий вай?
Бераш, Дала цкъа а ма хьегадойла вай вешанидайша шан ц1ийца ларбинчу,наноша марзонца кхиийначу вешан Даймехкан марзонах! Рефлекси. Керланиг х1ундевзи шуна х1окху урокехь? Х1ун маь1на дийр дара аша вайн стихотворенин шайна т1едоьг1на? Дешархой: Вина мохк х1ора адамна хьоме а,беза а бу,цундела иза хазбан,кхио хьанала къа а хьоьгуш,ваха веза аьлла хета. -
21 слайд
7. Дешархойн белхан жам1аш дар.
Хьехархо: Бераш, х1инца вовшийн белхашка хьажа , мах а хадабе вовшийн белхийн. Аса оценкаш д1айохкур ю .Ц1ахь бан болх: Кхарах луъъург къастае.
1) байт къастош ешарна кечам бе; 2) байтан чулацамна сурт дилла(хазахетачу меттигна
3) байт дагахь 1амае.Хьехархо: Цу т1ехь вайн йиллина урок чекхъели. 1одика йойла!
Дешархо: 1одика Дала йойла!
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
6 056 432 материала в базе
- Выберите категорию:
- Выберите учебник и тему
- Выберите класс:
-
Тип материала:
-
Все материалы
-
Статьи
-
Научные работы
-
Видеоуроки
-
Презентации
-
Конспекты
-
Тесты
-
Рабочие программы
-
Другие методич. материалы
-
Найти материалы
Другие материалы
- 13.11.2020
- 107
- 0
- 13.11.2020
- 100
- 0
- 13.11.2020
- 187
- 2
- 13.11.2020
- 90
- 0
- 13.11.2020
- 85
- 0
- 13.11.2020
- 106
- 0
- 13.11.2020
- 217
- 0
- 13.11.2020
- 266
- 1
Вам будут интересны эти курсы:
-
Курс повышения квалификации «Педагогическая риторика в условиях реализации ФГОС»
-
Курс повышения квалификации «Правовое регулирование рекламной и PR-деятельности»
-
Курс повышения квалификации «Финансы: управление структурой капитала»
-
Курс повышения квалификации «Основы менеджмента в туризме»
-
Курс профессиональной переподготовки «Управление ресурсами информационных технологий»
-
Курс повышения квалификации «Источники финансов»
-
Курс профессиональной переподготовки «Корпоративная культура как фактор эффективности современной организации»
-
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности специалиста оценщика-эксперта по оценке имущества»
-
Курс профессиональной переподготовки «Организация системы менеджмента транспортных услуг в туризме»
-
Курс профессиональной переподготовки «Технический контроль и техническая подготовка сварочного процесса»
-
Курс профессиональной переподготовки «Стратегическое управление деятельностью по дистанционному информационно-справочному обслуживанию»
Марша дог1ийла!
Саидов Билал
«Хьайн ненан мотт хаахь, дозалла ас до хьох …»
Йиллина урок
- Предмет : нохчийн литература
- Класс: 7 «В»
- Хьехархо: Магамадова Резида (1елин йо1)
- Тема: Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени.
- Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран.
- Урокан белхан некъ: къамел дар, 1аматца болх бар (байтан анализ яр), кхоллараллин болх бар.
- Урокан белхан кеп: шаьш-шаьш а (хаттаршца), тобанашкахь а болх бар; проект яр.
Урокан 1алашонаш:
Предметни
кхеторан: «Вина юрт» дийцаран чулацам бовзар; байтан анализ ян хаар шардар , исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш билгалбаха а хаар; говзаран коьрта маь1на даккха хаар( 1амар) .
Метапредметни:
Кхиоран : (регулятивни): шена хьалха х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина, шена хууш долчух пайда а оьцуш, 1амат т1ехь шена оьшу хаам схьа а лохуш, кхоллараллин болх бан, (синквейн, байт кхолла,и.д1.кх.а) 1амар.
кхетош-кхиоран :(личностни): ша я шен дай бинчу, баьхначу, я (бехачу) юьрте, шен Даймахке, болу безам шен нене санна, бовха а , даггара а хила безаш хиларан ойла дагчохь ч1аг1йаалар .
коммуникативни: шен накъосташка ладог1а а,шен хьежаман ойла кхолла а хаар,и ойла нийса а, кхоччуш юьззина йовзийта а хаар.
Саидов Билал вина юрт Махкат1е (1930 шш.)
Маршалла хаттар. Урокана дешархой кечбар.
Дешарна ойла т1еерзор (мотиваци) Хьехархо : Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! Лераме хьеший, шу марша а дог1ийла!
-Бераш, хьовсийша , корехула схьагуш ма хаза, къегина де ду! Шун самукъадолий ишттачу дийнахь? Дешархой: Самукъадолу тхан, арахь иштта де хилча .
Хьехархо: Со а хуьлу шуна иштта самукъане, шун самукъадаьлча. Х1инца, иштта лаккхарчу синх1оттамца, к1орггера хаарш схьаэцархьама, 1илманан к1оргене кхачаран 1алашонца вешан рог1ера нохчийн литературин урок д1айолаей вай? Шу реза дуй?
Дешархой: Дера ду. Хьехархо: Делахь. д1айолор ю вай вешан нохчийн литературин йиллина урок.
1. Хаарш лехаме дахар. Ц1ахь бина болх таллар .
Хьехархо: — Бераш, аса ц1ахь бан х1ун болх беллера шуна?
Дешархой: — Саидов Билалан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш (докладаш) кечйе аьллера. Хьехархо: — Шу кийча дуй оцу балхана? Дешархой :- Ду. Хьехархо : -Делахь, вай и болх толлур бу хаттаршца. Вайн белхан хан эвсаре хилийта 3-а тобане декъало. Х1ора а тобано 2-шша хаттарна жоьпаш лур ду.
Хьехархо: 1-ра тоба: — Маца, мичахь вина Саидов Билал?
Дешархо: — Саидов Билал вина 1914-чу шеран 10-чу июнехь Веданан к1оштарчу Махкат1ехь .
Хьехархо: 2-г1а тоба: — Мичахь дешна? Белхаш мичахь бина? Дешархо:- Цкъа хьалха Махкат1ехь школа чекхъяьккхина.
Саидов Билала бераллехь дешна дешна юрт
т1аьхьа, Тбилисехь Ш.Руставели ц1арахчу театран студехь. Белхаш бина Х.Нурадиловн ц1арахчу драмтеатрехь актер, режиссер, Нохч-Г1алг1айн Союзехь литфондан заведущи. Хьехархо: 3-г1а тоба: Муьлха произведенеш язйина? Дешархо: «Ненан мотт», «Дуьненна машар», «Деган аз », «Вина юрт», Майра к1ант Сулима», « Меттиган сурт»… Хьехархо: Муьлхачу яздархойн говзарш гочйина Саидов Билала? Дешархо: Цо гочйина Мольеран А.Островскийн, А.Чеховн, Ч.Айтматовн пьесаш. Ц1е яккха цуьнан уггар а халкъалахь езаш йолчу байтан. Хьехархо: Шуна дагах хьакхаелларг муьлха произведени ю Саидов Билалан? Д1аеша дагахь шайна хазахеттарг. Дешархо: «Ненан мотт» стихотворени ю. (Д1айоьшу кийсик).
Саидов Билала дешна театран студи (Тбилиси)
2 . Керла коьчал йовзийтар
Хьехархо: -Бераш, бераллехь дуьйна и шен ненан мотт а, вина юрт а еза а езаш, царах ваьлча тоха са а доцуш,шен дахаран ирс ша винчу юьртаца,шен хьомечу жимчу Даймахкан ирсаца а доьзна волчу поэтан ойла ю-кх вайна таханлерчу керлачу коьчалан декъехь евза ерг. Х1инца аса шуна леррина еша а йоьшуш, йовзуьйтур ю и говзар,ткъа аша шайн тидам экрана т1е а бохуьйтуш, дика ладог1а . Шаьш маь1нех ца кхета дешнаш стихотворенмн чулацамехь делахь, уьш дагалаца, царна т1ехь а болх бийр бу вай.Иштта, со ешна яьлча, стихотворенин анализ а йийр ю вай. Кхуьй а а тоба кечло балхана! ( Стихотворени къастош йоьшу хьехархочо )
Жималлехь левзина хаза урамаш….
Жималлехь левзина хаза урамаш Къонахий х1иттина юьртан майданаш, К1ентийн дой хьийзина бай сийна майданаш Ца тиги йицъяла, валарх мел гена. Бода д1аэккхабеш, дашо малх хьаьжча, Ламанан бохь кхолуш, з1енарш схьакхетча, Вовшашка кхаъ боккхуш, шовданаш декаш, Ма хазло Махкат1е, дог мерза хьоьстуш! Хьан юькъчу хотешкахь къоркхокхий декаш, Шовданийн кортошкахь мехкарий соьцуш, Сирлачу школашкахь берийн аз декаш, Товш ю хьо тахана, б1аьрг серлабоккхуш. Хьан лаьмнаш х1иттийна 1алам ду говза, Хьан хьаннаш кхиийна ду и комаьрша. Къинхьегам безачийн ирс алсамдаьлла, Ца карий цхьанххьа а меттиг хьол мерза.
К1ентийн дой хьийзина бай сийна майданаш…
Кхин гуьнахь шен доцу дег1ан чарх идош, Кхин чаккхе шен йоцу некъ юьхьарлоьцуш, Хийла г1улч ехира, хьо дагалоьцуш, Г1аланаш яккхийчохь 1илманан бух лоьхуш. Со жимчохь къаьстира езначу ненах. Хьох херавелира, дог хьоьца дуьтуш. Ненан сурт хьайчуьнца дуьхьал а х1уьттуш, Зама ас кхийхьира тахане лоьхуш. Цамгаро г1елдина дег1 те1а доьлча, Жималлехь яьгна ц1е г1елъяла йоьлча, Хьоьга ас сатийсар даздала доьлча, Нигат ди ас верза езначу юьрта. Дахаро 1ехийна со воккхаверах, Балано г1елвина со холчух1оттарх, Зама д1аэхарехь хийцамаш хиларх, Хьоь болу сан безам жимлур бац цкъа а .
Хьан хьаннаш кхиийна 1алам ду говза….
Тамашен ю зама шен новкъа йоьдуш, Со жима бер долуш хьо къена яра, Х1инца со къанвелча, хьо къонлуш лаьтта. Реза ву хийцамна хьо т1ех езарна. Хьо къонъеш,ц1инъеш дерг къахьоьгу халкъ ду, Хьанал къахьоьгуш верг даима сийлахь ву. Ледарло д1атоттуш, доьналла хьостуш, Яхалахь,кхиалахь сирлачу новкъахь !
3. Практически болх (стихотворенин анализ йар) Хьехархо:- Хьан язйина ю и стихотворени? Муьлха мог1анаш хазахийтира шуна стихотворенин ? Хьехархо: — Поэтан кхоллараллехь муьлха меттиг д1алоцу стихотворенино? Х1ун маь1на ду оцу стихотворенин авторан дахарца доьзна вай аьлча? Дешархо: Автор ша ву кху байтан лирически турпалхо. Цо боккхачу безамца, дегайовхонца дуьйцу шен юьртах лаьцна. Хьехархо : Муьлхачу жанрехь язйина ю х1ара говзар ? Дешархо: Лирически жанр ю цуьнан. Хьехархо: Тема муьлхарг ю? Дешархо: Даймехкан (1аламан ) тема ю. Хьехархо: Стихотворенин барам билгалбаккха, рифма а къастае. Дешархо: кхаах1оттаман , (дактиль) барам бу, ж1аре рифма а ю. Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцна автора шен стихотворени кхуллуш?
1-ра тоба: Эпитеташ: Дешархой: хаза урамаш, бай сийна майданаш, дашо малх.майра аз… 2-г1а тоба: Метафораш: Дешархой : комаьрша 1алам, дахаро 1ехийна, хьо къена яра… 3-г1а тоба: Олицетворенеш: Дешархой: шовданаш дека, вовшашка кхаъ боккху,къонлуш,бода д1аэккхабеш, дог хьоьца дуьтуш… Хьехархо: Муха ду х1окху стихотворенехь лирически турпалхочун васт.? Дешархой: Авторан дог бовхачу безамца ша винчу махке,цуьнан 1аламе,цуьнан халкъе кхевдина ду,цо шен ойланца ч1аг1 а до вайна «Вина мохк мазал а мерза бу» боху кица. Хьехархо: Ткъа и бакъдерг шуьга ч1аг1лур дарий халкъан кицанашца? Дешархой: «Шен ц1а-ц1ен ц1а»,«Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо», «Винчу мехкан х1аваъ а ду чоме», «Нехан ялсаманел,шен жоьжаг1ате а тоьла» . «Нехан махкахь эла хуьлучул,шен махкахь лай хилар тоьла. Хьехархо: Ма дика бераш ду шу!
Сада1аран минот
Жам1 даран хаттарш
1.Х1ун ойла кхоллаелира шун и стихотворени ешча? Х1ун суртх1оьтти шуна хьалха? 2.Х1унда ца йолу лирически турпалхочунна шен юрт дагара ,ша мичча вахарх,мел хан д1аяларх? 3.Х1унда дусту поэта ненан сурт Даймахкаца? 4. Х1ун ду аьлла хета шуна вайн лирически турпалхо Даймахкахь шена т1еийзош дерг? 5. Х1ун ду Саидов Билалана хьоме юрт дагахь лоттуьйтург? 6.Х1ун ду боху поэта и юрт ц1инъеш,хазъеш дерг? 7.Юста стихотворен кхечу поэтийн юьртах лаьцначу стихотворенех. Х1ун ду церан юкъара, уьш цхьаьнатухург? 8.Х1ара стихотворени муха билгалйолу вайна? Пейзажан лирика аьлча нийса хетий шуна х1окху стихотворенех?
… Яхалахь,кхиалахь сирлачу новкъахь!
5. Проект яр. Кхоллараллин болх. Хьехархо: — Хьоме бераш,шуна езий шайн дай баьхна ярташ вайн байтан а,эшаран а авторшна санна дукха?Евзий шуна уьш? Дешархой: Дера еза. Йовза а йевза. Хьехархо: Делахь,х1инца шун таро хир ю и бовха безам вайна схьагайта. Ас а шуна ц1ахь бан беллачу белхан 2-г1а т1едиллар дара шайн дай баьхначу яртийн суьрташ да аьлла… Вай х1инца проект йийр ю . Аша (3 тобано)х1ораммо а плакат кечде и цхьацца сурт т1е а латош, царна бухахь язде винчу юьртах(Даймахках)лаьцна, кхарах цхьаъ цхьаъ буха а яздеш. 1) синквейн; 2)кицанаш я аларш; шаьш кхоьллина байт (4 мог1а). Х1ора а тобанан баьччас я цхьана декъашхочо йовзуьйтур ю шайн проект. Дала аьтто бойла шун!
Дешархоша йовзуьйту шайн проекташ «Хьоме юрт», «Сан ч1аг1о», « Дайн кхерч» и.д1.кх а. Хьехархо: -Хаза ц1ерш ю. И ерриг ц1ерш юкъа а лоцуш, «Вина юрт- дахаран ирс» аьлла ц1е тиллий вай? Бераш, аш гайти шайн хаарш а, винчу юьрте, махке шайн болу ц1ена безам а. Дала тахана шайн ярташка а, Даймахке болчу безаман алу цкъа а д1а ма йойла шун дегнашкахь! Цкъа а ма ма дуьтийла вай вешан дайша шайн ц1ийца ларбинчу, наноша марзонца хазбинчу,кху дуьнент1ехь уггар а хазчу,маьршачу вешан Даймахках геналлехь хьега! Рефлекси . Керланиг х1ун девзи шуна х1окху урокехь? Х1ун маь1на дийр дара аша вайн стихотворенин шайна т1едоьг1на? Дешархой : Вина мохк х1ора адамна хьоме а,беза а бу,цундела иза хазбан,кхио хьанала къа а хьоьгуш,ваха веза аьлла хета.
Дешархойн белхан жам1аш дар . Хьехархо: Бераш, х1инца вовшийн белхашка хьажа , мах а хадабе вовшийн белхийн. Аса оценкаш йохкур ю. Ц1ахь бан болх: Кхарах луъъург къастае. 1) байт къастош ешарна кечам бе; 2) байтан чулацамна сурт дилла(хазахетачу меттигна 3) байт дагахь 1амае. Хьехархо: Цу т1ехь вайн йиллина урок чекхъели. 1одика йойла! Дешархо: 1одика Дала йойла!
Баркалла !