Оьздангалла сочинение на чеченском языке

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх — иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхаш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо бIешерашкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхаш…», — олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, хIунда аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, хIара дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь.
Замано а, хIора дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара.
Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iехоран, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду.
Ткъа бакъдерг иштта ду. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен а дац — бусалба дин, ислам.

Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — делла. Дин — иза лаьтта тIехь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаьтта диссийна дахаран-Iеран дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Iеса гIиллакхаш а кхуллуш. ТIаккха Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iамо Дала Шен элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг — Мухьаммад-пайхамар — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — элчанийн мухIар.
Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь Дала доссийнарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIера адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIе доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан.
Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Iеса гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Iеса гIиллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин.
Кхузахь хаттар хIотта тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика гIиллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а гIиллакх Iеса я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса гIиллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла гIиллакх нийса ца хила йиш яц.
И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна», — боху дешнаш. Адамашна юккъехь лела оьзда гIиллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхидIа а дахдо: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маьIна гуш хилла нохчашна гIиллакх-оьздангаллехь.
Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — аьлла: «ГIиллакх — динан ах ду». Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, гIиллакхна а юкъара зIе иштта йийцина:

Iаж Iожана буха божар хууш ду,
Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?
ГIиллакх дитт ду, ткъа хьекъал — цу диттан стом,
ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй?..

Кхузахь «гIиллакхах» дозуш хIоттийна «хьекъал». Иза нийса а ду, нагахь дуьйцург адамашна пайде долу хьекъал делахь.
Амма кхечу кепара «хьекъал» хила а тарло адамехь — гIиллакх доцу хьекъал, оьзда доцу хьекъал, зуламе хьекъал. И тайпа хьекъал долчу стеган мах хадош, нохчаша олу: «Iилма-м шайтIанехь а ду». Цундела вайн къоман философехь хьекъалал а, говзаллел а, Iилманал а лакха хIоттош хилла оьздангалла.
Билгалдаккха деза и тайпа хьал массо а къаьмнийн хьежамашкахь цахилар. Стаг шен говзаллехь ларош, шен гIуллакха тIехь кхиамаш бохуш хилчхьана, цуьнан оьздангаллин сурт-сибат мухха хилча а, сий деш а, лоруш а хуьлу, масала, цхьадолчу Европерчу къаьмнийн. Нагахь стаг дика поэт велахь, нахана дегнех кхета байташ язъеш, иза харцахьа лелар, цо къаьркъанаш мийлар, и оьзда цахилар кхин чIогIа тидаме а ца оьцу цигахь. Шен говзаллехь пхьар хилар коьрта ду, кхидIа дерг мехала а дац бохург ду иза, бер харцахьа лелар санна хIума лоруш.
Ткъа нохчийн къоман философехь иштта дац. Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна тIехь ду муьлххачу а кхечу стагана тIехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш. Халкъалахь цIе дIаяханчу стага кхечарачул а чIогIа ларбан безаш хилла уьш, хIунда аьлча, адам цуьнга хьаьжна ду, цуьнгара масал эца я цхьа осалниг далахь кхарда кийчча.

ГIиллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь «къиза» а, дуьххьал дIа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхаш, цуьнан цIе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу хIумано. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iаш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхI тIаьхьенна а.
И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг гуттар чIагIвина латтош хилла, дикачу гIуллакхашна, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостуш ца хилла, гуттар а оьшучу дIахахка кийчча дин а латтош хилла.
Ша воьжча, шен цIе йоьжча, дегIана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаайа цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема.
И нохчийн гIиллакх дика девзаш ву «Эвтархойн Ахьмадах долчу илли» тIехь вуьйцу гIалагIазкхи. Цу иллин боцца чулацам иштта бу.
Эвтархойн Ахьмад воьду аренца лела. Цхьанхьа, паначу махкахь, шен динна баргол а тоьхна, и бажа лаьллина, «чергазийн юткъа нуьйр гIевлинга йиллина, чергазийн ва чоа даржош тIе ва тесна, чал дера герзаш, нанас бер ва санна, шен мара къуьйлуш», набарна вуьжу Эвтархойн Ахьмад. Иштта лела араваьлла цхьа гIалагIазкхи кхочу цига. Шен дин иштта бажа лоллий, Эвтархойн Ахьмадана юххе, цунна тIера ах верта шена тIе а озадой, набарна тевжа гIалагIазкхи а. Вуон гIан-набарш гина, самаваьллачу Ахьмадна шена юххехь вижина Iуьллуш гIалагIазкхи а го, шен дин чехош лелаш цуьнан гила а го. И ца лалой, Эвтархойн Ахьмада олу:

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!
Ахь суна ца бина тешнабехк,
Ас бийр бац хьуна!
Хьан дино кхерий-кха сан жима расха дин!
Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?
ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнашкахь!..

Латарна кечам бина ваьллачул тIаьхьа, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

Дакъаза ма вала, Эвтархойн Ахьмад!
Ахь сема ладогIа, собаре хилий:
«Нагахь хьан хьалха каяьлла, ахьа со вийча,
Цхьа гIалагIазкхи вийна Эвтархойн Ахьмада», —
Аьлла, дIадоьрзур ду, тамаша бийр бац хьох;
Нагахь сан каяьлла, сан карах хьо велча,
Махкахь цIе йоккхуш дика кIант хьо хилча,
«Цхьана гIалагIазкхичо вийна Эвтархойн Ахьмад», —
Аьлла, цIе южур ю хьан, Эвтархойн Ахьмад…

Къонахчун валар а, вахар санна, цхьана дикчу, оьздачу, лекхачу Iалашонна хила дезар билгалдолу оцу иллехь. Хьо мел оьзда ваьхнехь а, хьан валар декъаза хилча, доха тарлуш ду дерриге а, йожа тарлуш ю мел йоккха цIе а. Цундела стага и цIе Iожалло ша лаццалц ларъян езаш а ю, тIаккха цуьнан тIаьхьенна тIедужу изза декхар.
Нохчийн юкъараллехь уггаре а лекха дарж нахалахь дIайоьду и дика цIе хилла. Иштта дика цIе яьккхинчу къонахчунна вуон болх хила лууш а, и цIе цунна йогIуш ца кхаьчна бохуш, тайп-тайпана эладитанаш дуьйцуш нах нислуш а хилла. Цунах лаьцна ду халкъан кица: «Лекхачу ножана хьоькху мох ца эшна». Амма хьаьгIнаш лелочу нехан эладитанаш бахьанехь, шен оьздангаллин декхар тесна дита бакъо яц цхьаьннан а. «Деши, мел хоттала хьекхадахь а, бехлур дац», – олуш а ду вайн халкъан кица.
Оьздангалла халкъ шех лаьттачу хIора стеган шен-шен хуьлу. Вайн йиш яц цхьа халкъ оьзда ду, важа дац ала. «Халкъан оьздангалла» боху дешнийн цхьаьнакхетар даладахь а, уьш кхето догIу оцу я кхечу «халкъан оьздангаллех болу хьежамаш а, цо тIелаьцна оьздангаллин бехкамаш а» бохучу маьIнехь. Бакъ а долуш, оьздангаллех болу кхетамаш тайп-тайпана нислуш а хуьлу тайп-тайпанчу къаьмнийн. Масала, дустур вай цхьадолу нохчийн а, оьрсийн а гIиллакхаш (оцу къоман гIиллакхаш массарна а бохург санна девза дела даладо вай уьш). Нохчийн доьзалехь гIиллакхехь дац да-нана а, йоI а, кIант а, нус а, цхьаьна охьа а хевшина, хIума кхоллуш. И иштта хила деза аьлча а, акха ду вайнахана. Ткъа оьрсаша, иштта охьа а ховший, хIума а юу, мала а молу, я церан къомана осал хIума а дац иза. Цхьана агIор, иза доьзна ду оьрсийн къам кериста динехь хиларца а.

Амма нохчийн гIиллакх-оьздангаллин ша-тайпа билгалонаш гучуйовлу вайна, бусалба динехь долчу кхечу къаьмнийн гIиллакхашка хьаьвсича а. Масала, вайн лулахь бехаш бу гIебартой, балкхарой. Цара салам, боьршачу наха вовшашка делла ца Iаш, зударша вовшашка а, божаршка а ло, иштта божарша а ло зударшка. Ткъа, хууш ма-хиллара, вайн нохчийн боьршачу наха вовшашка бен луш а дац, жимчу стага воккхачуьнга луш а дац салам.
И тайпа гIиллакхийн шатайпаналла муьлххачу къоман оьздангаллехь а карайо. Амма шайн дикчу гIиллакхашкахь дерриш а вовшех тера ду уьш. Кхечу кепара хуьлийла а дац. ХIунда аьлча, массо а дикчу гIиллакхийн бух — Дала шен пайхамаршкахула лаьтта биссийна хьехамаш бу. Амма хIора а къомо — шен дуьнене хьежаме, шен дахаран хьелашка, ша дехачу мехкан Iаламе хьаьжжина, — оцу хьехамашна тIе а доьгIна, шен-шен гIиллакхаш кхоьллина. Цхьадолчу къаьмнаша Делан хьехамашкахь болу и бехкамаш мелла а шайна лело аттачу кепехь тIеэцна, ткъа кхечу къаьмнаша, дегIан паргIато кхин тIе а йоьхкуш, шайна халонга бохуш тIеэцна уьш.
Масала, бусалба дино боху адамашка шайн дегIана хьулам бе духарца. Боьршачу стеган хьулам бан беза меттиг (Iоврат) — иза цIонгера гоьле кхаччалц йолу меттиг ю. Иза къайлаяьккхичхьана, ламаз дан а магадо. Амма цхьа а нохчо хIуттур вац ишттачу духарца Iамал ян, я ишттачу духарца адамашна юккъе а вер вац, я шен доьзалехь а лелар вац (бакъду, хIинца-м нисвала а тарло цу тайпана шен доьзалехь паргIат леларг а, амма вай дуьйцург нохчийн Iадатехь хила дезарг ду).
Цуьнца доьзна цхьа масал далор вай.
Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара дуьйцура, цкъа гIала ваханчуьра, гучувала ша аьлла, Мамакаев Мохьмад волчу ваханера ша бохуш. Шеца исс-итт шо кхаьчна шен йоI а яра. НеI елла веъна Мохьмад, аьхка хIусамехь тIех йовха йолу дела, шена аттачу духарехь вара. Амма оцу йоIах бIаьрг кхетча, ша цунна ца гойтуш, кхин могаш-паргIат хаттар доцуш, дехьа чу а вахна, шен духар хийцинера цо; ша боккъал а чIогIа цхьана боккхачу гуламе воьдуш санна, кечвелла схьавеънера. Цецваьллачу шега Мамакаев Мохьмада эли, бохура Абузара, мел жима елахь а, йоI бехке ма ю, гIиллакх хила ма деза цуьнца аьлла.
Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ ца хадор» боху кхетам а бу ша-тайпана. Генара схьавогIучу стагана хьалхахула тIехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш хIума дац иза. ХIетте а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду.

Ша-тайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоIстага а, къоначу зудчо а. Нагахь хи тIера йогIу йоI воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, шен кIудал охьа а хIоттайой, букъ а берзабой, дIахIуттуш хилла иза, и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогIуш зуда хилча, и бер некъа йисте охьадуьллий, юьстах а йолий, дIахIуттуш хилла, воккхачу стагах бехк лоций.
Иштта, и гIиллакх дуьйцуш, вайн къоман иэсехь дисина цхьа дийцар ду. Говрахь вогIучу Исмайлин Дудина шен бераца дуьхьал йогIу цхьа жима зуда, и бер охьа а диллина, букъ а берзийна, дIахIоьттина. Говрара воьссина Дуда, оцу берана тIе а веъна, иза кIант вуйла а хиъна, цунна юххе совгIатна шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина, «Дала беркате доьзалхо войла кхунах, Дала дукха вахавойла хIара», — аьлла, дIавахна. ТIаккха и гIиллакх хIоттийна стаг мила ву а хиъна, оцу жимчу кIентан дас Исмайлин Дудина совгIатна дин бигийтина. Иштта керла гергарло кхолладалийтина оцу хазчу гIиллакхо.
Вай далийначу масалша гойту халкъийн юкъара гIиллакхаш — дегIана хьулам бар, баккхий нах ларар — нохчаша мел чолхе даьхна шайна, мел даздина цара уьш, мел чIагIбина цара шайна и бехкамаш. Юкъаметтигийн, гIиллакхийн атталла а ца лоьхуш, мелхуо а уьш ма-хуьллу чIогIа, хала лелор — иза ю вайн къоман оьздангаллин башхаллех цхьаъ.
Аьллачунна жамI деш, билгалдоккхур вай. Нохчийн къоман дика гIиллакхаш шайн коьртачу билгалонашца кхечу къаьмнийнчаьрца догIуш ду (цуьнан бахьана лакхахь вай далийра). Амма кхечу къаьмнех схьакъаьсташ, шен ша-тайпана синмехаллаш а кхоьллина нохчийн халкъо. Царах цхьаерш шайн оьздангаллин мах лакхара болуш, кхечу къаьмнашна а, массо адамашна а йовзар пайде хир долуш а ю. Цхьаерш вай кхузахь йовзийтира, вуьйш кхидIа а юьйцур ю.
Къоман гIиллакхаш хиларх ца тоьа, уьш довза а деза. Йоза-дешар ца хиллачу къаьмнийн гуттар а дас воIе дуьйцуш, чкъурера чкъуре дуьйлуш схьадаьхкина уьш. Амма наггахь нислуш хилла, цхьа баккхий исторически хиламаш бахьанехь (тIом, цIерадахар, цунах тера кхин а), чкъурашна юккъера и зIе хедаш а. Цундела цхьадолу гIиллакхаш дицдина, дIадевлла нохчашна юкъара. Амма йоза-дешар вайн къоман долу а бIе шо гергга зама ю, хIетте а хIинццалц схьа гIиллакх-оьздангаллина лерина цхьа а жайна ара ца даьлла, билггалчу теманашна лерина цхьаццайолу Iилманан статьяш ца лерича.

ГIиллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь а стаг хир вац вайн гIиллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор гIеллуш ду дийнера де мел дели, царах цхьадерш дIадовлуш а ду. Масала, нохчийн дахарера дIадаьлла ала мегар ду боьршачу стага коьртахь хIума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа а жима стаг коьртахь хIума йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен кетIа а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и гIиллакх цкъа а хила а ца хилча санна дIадаьлла. Бакъду, коьртахь хIума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий хIинца а. Коьртахь хIума лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Iа. Иза шен кIорггера маьIна долуш хIума хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.
Нохчийн дахарехь гIиллакх-оьздангалло мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла гойту халкъан барта кхоллараллин произведенеша. Иштта, цхьана халкъан узамехь ду хIара тайпа могIанаш:

Шайца шуьне ва ховша хьеший боцчу буьйсанна,
Мерза шун ца долош пхьуьйраза бисина,
Шайна уллохь дажа хьешийн дой доцчу буьйсанна,
ДIайиллинарг ца юуш, уьйтIахь дой тирсина,
Чохь хьешан аз ца хезча, йоьттинарг ца юуш,
УьйтIахь жIаьлеш угIуш – оццул хьеший хетта
Хьалха хилла къена дай, и дика къонахий
Биц ма белаш, доттагIий, Iаьржа латта мел хьоьшу…

Кхузахь адамийн гIиллакхаш долуш гайтина говраш а, жIаьлеш а. Оццул лакхара хила езаш хилла нохчийн цIийнан оьздангалла, оцу кертахь долчу хьайбанаша а лелош.
Цунах лаьцна шен цхьана стихотворенехь иштта яздо Сулейманов Ахьмада:

Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.

Кхин а чIогIа тамашийна сурт хIутту халкъан цхьана туьйранехь. ГIиллакхах кхетам бу оцу туьйранехь, юьртан цхьаъ бен доцчу шовдана гонаха а бижина, хIоразза а шена яа цхьацца къона йоI ца елча, юьртахошка хи ца оьцуьйтуш болчу саьрмикан а. Оцу махкара воцу кIант шозза хи тIе веъча, хIумма а ца деш, хи оьцуьйту цо. КхозлагIа веъна, хи эцна дIавоьдуш олу цо:
— Ас, хьаша волу дела, гIиллакх лелош, вити хьо, кхузза хи тIе веъча а, хIумма а ца деш, кхин ма воьллахь. Кхин вагIахь, дийна дIагIур вац хьо.
Оцу масалша а гойту, нохчийн къомана шен дахаран маьIна хьал-бахам совбаккхарехь, я яккхий тIулгийн гIаланаш ярехь, я кхечу къаьмнийн мехкаш схьалецарехь ца гуш, дуьххьалдIа хIокху лаьтта тIехь хьанала къа а хьоьгуш, гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха бIов ю. Вайн къоман хIора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина. Цундела хIора нохчочун декхар ду и бIов Iалашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг, ойла а ца еш, дайн гIиллакхаш емалдеш, дIатийса волалахь, я уьш кхечу Малхбузера я Малхбалера еъначу хийрачу амалшца хийца гIортахь, цо оцу бIаьвна юккъера тIулгаш дIадоху. Ткъа и тайпана нах алсамбевлча, и бIов чухарцарна кхерам а бу. Оцу хьокъехь поэта Супаев Руслана аьлла:

Хьо ма сихло шира туьйра харцо,
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш дIахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.

Книгаш тIехь ца Iамийна Iалам цара —
Латта аьхна, летта дарцаца!
Сих ма ло хьо йохо шира гIала,
Замано а отур ю и атта.

Пхенийн шеддаш долчу куьйгийн йовхо —
Хьан ден куьйгийн йовхо ю иза!
Ненан мIараш кIелахь дисна латта —
Хьан Даймехкан латта ду иза!..

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гIала замано а йохор яц, нагахь вайх хIорамма а иза Iалашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу гIуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

КИЦАНАШ:

ГIиллакх дезаш волчунна, и генахь дац.
ГIиллакхо лех эла вина, гIиллакх цахиларо элах лай вина.
Оьзда воцу стаг, хьошалгIа веъча, дика кхаба, оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.
Оьзда волчу стагаца дов хилар гIоле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

ВОККХАЧУ СТЕГАН ДИЙЦАР

1

Уьш берриш цхьана тобанца дIаоьхуш хилла. Жима а, воккха а, зударий а, божарий а, цомгуш а, заьIап мел верг а, иштта воцург а.
Цхьана сарахь царна юккъера схьа а ваьлла, некъа йистехь садаIа охьахиъна цхьа воккха стаг. И шайна гича, совца а севцца, цунна тIебаьхкина важа некъахой. ТIаккха цара цуьнга дехна боху: «Воккха стаг, тхо хIинца кхин а дIадаха дезаш ду, ткъа хьо кхузахь вуьсу, хьуна дуьненчохь дуккха ган а гинера, хаза а хезнера — хьайна дахаро зеделлачух хьехамаш бехьа тхуна».
Воккхачу стага жоп делла боху: «Гинарг гучо бIарздина суна, хезнарг хезачо къардина суна, цхьа ойла ян бен ца кхиъна со хIокху дуьненчохь, ма доца дара хьо, дахар, аьлла.
Делахь а, аша дехарна, хIара хьехам бу сан шуна.
Аса яьккхинарг дукха хан яцара, аганара лаьтта вуссуш, Iаса караэца бен ца кхиъна шуна со.
Сан некъ — Iуьйранна гIаьттинчу малхана дийнахь сарралц тIаьхьа эхар бен бац шуна.
ТIаьххьара со кхеттарг, суо дуьненчуьра эхарта воьду мухIажар вуйла хаар ду шуна.
Къонахчалла шеца доцу гIиллакх — гIиллакх ца карий суна, иза — бахьана долуш а, доцуш а – нахана къежар хиллера.
Оьздалла йоцург нийсо а яц шуна, хIунда аьлча, и санна йолу нийсо, шайна карийчхьана, шу IадIийр ду, уллорчунна и цахиларх.

2

Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа бежана а, цхьа вир а. ЖIаьла — и шун мотт бу шуна, и зIенашца дIадехкалаш; бежана — шун гай ду шуна, и шайн хьаьвди тIехь латтаделаш; вир — и эвхьазалла ю шуна, цуьнан логгехь хулура боьддучу агIор муш тасалаш.
Синошна элий хилалаш, шайн догIмаш цу синойн леш а делаш.
Шаьш лелочунна наха кхиэл яле, и кхиэл шаьш елаш, хIунда аьлча, наха йина кхиэл цкъа а тIера ер яц шуна, ткъа шаьш дечун хьалххе аш ойла яхь, цу нехан кхиэлах девр ду шу.
Эладитанах кхера а лой, шайн ирсах ма къасталаш, и эладитанаш дIакхаьч-кхаьчначохь бухахь карор ду шуна, цкъа а тIаьхьара а ца довлу уьш.
Цкъа хьалха шаьш кхоьллинчу Делах эхь хеталаш, тIаккха цунах кхералаш, хIунда аьлча, эхь хетар и Дела везар а, ларар а ду, ткъа кхерар – и шуна шайн догIмех къахетар ду, шаьш хьерчийначу къиношна Дала шайна Iазап дийр дуйла а хууш.
Тезета дуьзна ма гIолаш, вуьзначу стеган юьхь тIехь велар хуьлу шуна.
Ловзарга меца ма гIолаш, меца стаг гIийла хетало шуна.
Шаьш бехке долу дов, и гена далале, шайн эшамца дерзаделаш, и эшам эхь дац шуна.

3

Шаьш бехке доцу дов, шайн мостагIа къера хиллалц, дижа ма диталаш, и эхь а, эшам а бу шуна.
Къонахалла массо хIумано ловш ю шуна, къаналла цхьана Iасано бен ловш яц шуна.
КIантана тухуш а, дов деш а, цуьнан амал ма кагъелаш, иштта кхиъначу цунах вон тIемало хир ву шуна.
Зудабер цхьана а буса шийла а, меца а ма диталаш, иштта кхиъначу цунах вон зуда а, вон нана а хир ю шуна.
ЙоьIан лелар ма хестаделаш, хIунда аьлча, хуьлучунна даима ша нийса ю моьттуш, и галъер ю шуна.
Доьзалехь къовсам белахь, берашна тIе ца хIуттуш, зудий, майрий вовшашна тIехIотталаш, хIунда аьлча, шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гIерта шуна шун доьзал.

4

Цхьана хIуманна эхь хеташ, боцу бехк шайна тIехь кхуллучу дашна дуьхьал дош ца олуш ма Iелаш, цунах дагахьбаллам а, нехан кхардам а хир бу шуна.
Улло хIотта накъост вац алий, шаьш цхьалха ма хеталаш, шайн Iуналла деш Дела вуйла хаалаш.
ДегIера ницкъ дIабаларх, шаьш гIийла ма хеталаш, тур-тапчано шу кхечаьрца нисдийр ду шуна.
Кху дуьненчохь нийсо карор яц шуна, наха къуьйсуш ерг шайн-шайн бакъонаш юйла хаалаш, ткъа и бакъонаш ницкъ тоьллачаьргахь ю шуна.
Шен маршо ца оьшучу халкъан къонахий даима а декъаза хир бу шуна…»

(Дийцар яздина Амагов Доккас)

НОХЧО ВУ СО

Нохчо ву со,
нохчийн зудчо борз ехкинчу буса вина,
ЦIоькъа-лоьмо шен маьхьарца
вижинчуьра гIаттавина,
Нанас иллин накха белла,
илли ала векалвина,
Нохчийн маттах, нохчийн махках
берахь дуьйна дозалдина.

Нохчо ву со,
Лермонтовна тIеман кIуьрлахь хийла гина,
Топ кхетарна цунна кхоьруш,
сайн Даймехкан сий лардина,
Сайн хьешана мерза кхача,
деган йовхо ца кхоийна,
МостагIчунна, бекхам боцуш,
цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со,
маршо къуьйсуш, Даймахкаца тоба дина,
Цунна ямарт, осал хетарг,
къа ца хеташ, сайх хервина,
Сайн ден дакъа, цIе-кIур доцуш
ца дисийта юкъ йихкина,
Iазап хьоьгу лай хуьлучул,
летта, вала резахилла.

Нохчо ву со,
кху дуьненчохь са лаьттачу ирсе кхочуш,
Барттий, безам, яххьий, тешам
байна, цкъа а вехар воцуш!
Нохчо ву со,
цхьана а къоман къонахчуьнца гамо йоцуш,
Махках ваьлла, халкъах хаьдда,
декъалхила амал доцуш!

Дикаев Мохьмад

Просмотров
39 980

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь  коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца  лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка  хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

«Духаре хьожжий т1елоцу хьаша, хьекъале хьожжий новкъа воккху»,  – и кица хьалкъо лаа ца кхоьллина.

 Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев  Сайд-Мохьмад.

Ворх1 г1иллакх

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац  Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог  цхьатерра хьоьсту:

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

                                        ворх1  ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

Мадина Мусаева

www.ChechnyaTODAY.com

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.

Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.

Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.

Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.

Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…

Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.

Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.

Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.

Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.

Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.

Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.

Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.

1.Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,

Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!

Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,

Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,

Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!

2.Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,

Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!

Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,

Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,

Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)

Вай олу Даймохк-Нана.

Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.

Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:

«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Сайн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.

*Взято с сайта Инфоурок*

(Сори )

                                                 
        Урок № 1    

                 Класс – 10

               Терахь
______

              Хьехархо:

         Тема:
Оьздангалла кхоллаялар.

         1алашо:
берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо  

                         йовзийтар;
царна

                        
стеган оьздангаллех кхетам балар; нохчийн къоман г1иллакхаш,

                        
оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар; къоман

                         г1иллакхехь
къона  т1ехье кхиор.

         Урокан г1ирс:
«Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

                                               Урокан
некъ

          I Догдаийтаран
мур

Нене хьожуш, г1о деш
цунна,

Хилча олу: «Оьзда к1ант
ву».

Иштта олу, воккхачунна,

Дег1 нисдеш, хьо
хьалаг1аттахь.

         II Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна
кхетам балар.

— Этика урокашкахь айса
шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.

         III  Керла тема:  Оьздангалла кхоллаялар.

                                          
План:

1.    
Урокан тема а, 1алашо а
йовзийтар

2.    
Оьздангалла кхоллаялар.

3.    
Словарни болх:

   — Оьздангалла
иза кхечу садолчу х1уманийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а,
гонахарчу 1аламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила дог1у дозанаш, барамаш кепаш ю.
Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн
кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш, «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман
цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу 1амалца, гонахарчу 1аламца, шен
дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалд1а х1ора
стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш
ю. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика г1иллакхаш  Дала шен
пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен дац
– бусалба дин, — ислам.  Дин – иза лаьтта т1ехь адамашна муха даха деза
1амош, Дала лаьтта диссийна дахаран-1еран дозанаш, ламасташ ду.

     Стаг мел говза велахь
а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлххачу а кхечу
стагана т1ехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.

                                    
Дешнаш т1ехь болх:

Оьздангалла –

Г1иллакх –

Дин —

4.
Оьздангаллех лаьцна аларш, дийцарш, тидамаш, кицанаш:


Оьзда волчу стагаца дов хилар г1оле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.


Оьзда воцу стаг, хьошалг1а веъча, дика кхаба; оьздачунна чохь ерг елча а тоьар
ду.

         IV  1амийнарг
т1еч1аг1дар


Стенах олу оьздангалла?


Муха кхоллаелла оьздангалла?


«Дин» — бохучу дашах муха кхета шу?


«Г1иллакх – динан ах ду» — дийца цуьнан маь1на.


Х1ун башхалла ю «оьздангалла», «г1иллакх» — бохучу кхетамашна юкъахь?


Муса Бексултановн доца дийцарш дешар.

         V Урокан
жам1 дар.

— Дешархойн хаарийн мах
хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

       VI Рефлексин
мур

-Х1ун дара урокехь шуна
дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь
дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь
атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь
хала хеттарг?

       VII Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, оьздангаллех  лаьцна кицанаш,
дийцарш.

                                                          ГIиллакх

Урокан 1алашо:

Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча,   цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.

Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш   уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.

Урокан г1ирс:

1.Закриева Пет1аматан байташ, афоризмаш т1ехь йолу сборник (гулам);

2. Журнал «Орга», «Вайнах»;

3.«Даймохк» ц1е йолу газета т1ера г1иллакхах лаьцна статья.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо:

Хууш ма-хиллара, адам Дала  х1окху лаьтта, шен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина. 

Нохчийн г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Г1иллакх-иза адамашавовшашца

Лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман, чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду.

Оьздангалла дуьхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю.

« Г1иллакх ялсаманерасхьадеъна», ялсаманедухадерза

дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»

Г1иллакх — динан ах ду.

(Г1иллакх довзийтарх а цатоьа,

нагахь и лелош ца хилча)

Г1иллакх бохучудашошеначулоцудешнашдаладе…

(адамалла,къинхетам,комаьршалла,майралла,къонахалла,доттаг1алла,хьаша т1еэцар,яхь,декхар,эхь-бехк,доьзал а,бераш а кхетош-кхиор,нийсо,собар)

Т1аккха г1иллакхехь лаьцна ша кечйина доклад д1айоьшур ю вайн Бидаева Хьавас:

Стеган оьздангаллацоша-шецалелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза угар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шеен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латторду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шеен духар, сурт -сибат муха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалха болу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар.

Стага угар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла — ах дин ду», — аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латта во, цуьнан дог-ойла ц1ан йо, иза къинойх лар во. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.

Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цучохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».

Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).

Духар угар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хила шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хила цо (оьрсийн г1иллакх).

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», — олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хила боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь — и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар – иза шеен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта баттайиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на ишттаду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.

«Ах стаг бедаро во», — бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Иза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй — вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан – болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй — аьхка мангал хьокхуш я кхин тайпа болх беш.

Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо — царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.

Боьршачу нехан духаран коьрта билгало — иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.

Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккхушена — шенмогашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стагвацшабохургдуиза.

ХЬЕХАРХО:

Дела реза хуьлдахьуна, Хьава!Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнаноьздангаллингайтамбу духар.

Цуьнцадоьзнацхьамасалдалорвай. 
ХалкъаняздархочоАйдамировАбузарадуьйцура, цкъагIалаваханчуьра,

гучувалашааьлла, МамакаевМохьмадволчуваханерашабохуш. 
Шецаисс-иттшокхаьчнашенйоI а яра. НеIеллавеънаМохьмад, аьхка

xIycaмexьтIexйовхайолу дела, шенааттачудухарехь вара. 
АммаоцуйоIахбIаьргкхетча, шацуннацагойтуш, кхинмогаш-паргIат

хаттардоцуш, дехьачу а вахна, шендухархийцинерацо; 
шабоккъал а чIогIацхьанабоккхачугуламевоьдушсанна, кечвелла

схьавеънера. ЦецваьллачушегаМамакаевМохьмада эли, бохураАбузара, 
мел жима елахь а, йоIбехкема ю, гIиллакх хила мадезацуьнцааьлла. 

Иштташакечйина доклад д1айоьшур ю Мутиева Мархас:

Хуушма-хиллара, адамДала х1окху лаьтта, шеен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна бела кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а бела вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу.

Массарел хьалха билгалдаккха деза г1иллакх, оьздангалла бохучу шина дешан маь1на. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Дална ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шена дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Стаг мел говза велахь а, мел дика велахь а,цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлхачу а кхечу стагана т1ехь долу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.
Масала, нохчийн дахарера д1адаьлла, ала мегар ду, боьршачу стага коьртахь х1ума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа жима стаг коьртахь х1ума йоцуш, эвла юккъе стена дуьйцу, шен к1ет1а а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и г1иллакх цкъа а хила а ца хилча санна д1адаьлла. Бакъду, коьртахь х1ума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий х1инца а. 
Муьлххачу стеган г1иллакхашка хьаьжжина мах хадабо. И тидам беш, вай тидаме ца оьцу цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагадо цхьана осалчу х1умано. Бакъду, г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехьлелор г1еллуш ду де дийне мел дели, царахцхьадершд1адовлуш а ду.

Хьехархо:

Дела реза хуьлдахьуна,Марха!Г1иллакхо лайхэла вина, г1иллакх ца хилароэлах лай вина аьллавайдайша…

Ахь хьайна т1аьхьалонна ахча ларде, халкъана т1аьхьалонна дайн г1иллакх ларде.Иштта, и гlиллакхдуьйцуш, вайнкъоманиэсехьдисинацхьадийцарду.

ГоврахьвогlучуИсмайлин Дудина шенберацадуьхьалйогlуцхьа жима зуда, 
и берохьа а диллина, букъ а берзийна, дlахIоьттина. Говраравоьссина Дуда,

оцуберaнатle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна, 
цуннаюххе cовг1атнa шенворхIаззайолутапчаохьа а йиллина,

«Дала беркатедоьзалховойлакхунах, Даладукхавахавойлахlapa», — аьлла,

дlавахна. 
Tlaккxa и гlиллакххIоттийнастаг мила ву а хиъна, оцужимчу к1ентан дас

Исмайлин Дудина cовг1атнa дин бигийтина. 

Г1иллакхах лаьцна байт (Мунашева М..)

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон

Я ша д1а, шецасха мел гайтарх, хьанна

Мичахь и, я маца карийна к1уон?

Олуш ду: «Г1иллакхца аттадуваха,

Цунах д1атиллачун мах бац ши шай»,

Халонехьшаьшхиларх, ваймассоваха,

Г1иллакхах цабухушбеллавайн дай.

Шаделахь, ду г1иллакх, йистйоцушшорта,

Доцчунна «вуон», «к1езиг» — къастамца тов.

Осалву д1аалий, харцийтаворда –

Г1иллакх цадевзачо, муьлххаэхь лов.

Цуьнца бен хьанлерам, пусарцахилча,

«Вуон» дашцахуьттуш и, муха дайдер,

Сиймадацбехлушша, я ц1анлуш, дилча…

Г1иллакхах а ма де вай, х1ай нах, буобер!

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон.

Я ша д1а, шецасхьа мел гайтарх, хьанна

Мичахь и я маца карийна к1уон?

Классный час:

Г1иллакх дезаш волчунна

и генахьдац.

gl4

                               8 «а»классан  куьгалхо:Джамалдинова Л.Х.

Х1инца шун г1иллакхех долу хаарштоллурвай.

Хаттарш.

Х1ун олу?

 Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )

К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла! Т1аьхье беркате йойла!

Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )

Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат мА эша дойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)

Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хила зен.)

а)Адамийн дика амалшмуьлхарниш ю.

Лерам, собар, комаьршалла, майралла, къинхетам, эхь-бехк, тешам, дошлардар)яхьйолушхилар.

Адамийн вон амалш муьлхарниш ю?  Хан 1мин.

Тешнабехк, ямартло, харцлер, мотт тохар, къола дар, писалла, хабар дукха дийцар, шена т1ехь доцург дийцар, сихалла, къизалла, мало яр, куралла.

1.  Г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кицанаш далор. Хан 1мин.

а) Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча-яа.

аь) Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо.

б) Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.

в) Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.

г) Стеган мах ша хадийнарг бу.

г1) Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву.

д) Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.

 Х1етал-металш.

1.  Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?

Дикалла.

2.  Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?

Амал.

3.  Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?

Йовхо.

4.  Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг  х1ун ю?

                                                                               Марзо.

5.  Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?

                                                                       Адамалла.

6.  Кицанахь сарралц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю?

                                                                Хазалла.                                                                                                                                                                                                        

7.  Адаман г1иллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?

Комаьршалла.

8.  Цхьана а садолчу а, садоцчу а х1уманца  адамна Дала лело бакъо цаелларг х1ун ю?

Ачо(хьаг1, гамо).

9.  Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду?                                     

  Хьекъал.

10.Шинна а тобанна: 1ар-вахар мичахь тоьлу хуур ду шуна,аша д1алечкъина дош схьалехча.

Схьалахахь д1алечкъина дош.

Даймахкахь.

-Х1инца вай къовсадалар кхин д1а хьур ду.

Аса х1ора тобанна хаттарш лур ду, аша  жоьпаш  дала деза.

Хаттар:Чу-араволуш хьалхе хьаьнга яла еза? 

Жоп:    Чу-араволушхьалхевоккхачуьнга а,заь1апчуьнга а д1аяла еза.

Хаттар:    Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург  буха а ца юьтуш яа еза,я мела а буха йита еза?

Жоп:   Жимма буха йита еза.ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.

-Суна ч1ог1а  дика хета шуна иштта дика хууш. Дала и хаарш  берашна  хьеха кхин а к1орггера  хаа  пурба лойла вайна.

БЕРАШ –урддуаьхна, х1у таса сихло.

           Д1адехь вай дика х1у – хьекъар ду ялта.

           Амма вай д1атасахь г1овтур ю яраш,

           Цхьанна а ца оьшу ба1 хьекъа тарло.

           Ткъа д1адийнарг  т1едалаза дуьсур дац.

Хьаша  вар  а,  т1еэцар  а массо  хенахь  деза  г1уллакх  лерина  вайнаха. Хьешана  не1  къовлар,  цуьнан  

хьашташка  ца  хьажар доккха  эхь  лоруш хилла.   Хьаша-да    т1еэцарна  доьзна  нохчийн  цхьадолу  г1иллакхаш билгалдохур  вай.

1. Вевзаш  вара,  вацара  ца  бохуш, хене  ца  хьожуш,  т1еоьцуш  ду  хьаша.

«Вевзаш  вацарх,  ломахь  наха  даима  оьцу  Хьаша  т1е» (А.Сулейманов).

Кхин  ца  масал  а  далор  вай:

-«Ассаламу 1алайкум!  Хьаша  т1еоьций  аша?  —  Ва  1алайкум вассалам! Йокъанах  дог1анна  санна,  т1ера  ду-кха  тхо  хьешана, — жоп  делира лекхачу  дег1ахь  волчу  стага:

— Тхо  ч1ирхой ду.  Сан  ц1е  Хасболат  ю. Ткъа  х1ара  сан  к1ант  ву, Шахьби. Буьйса  яккха  меттиг  езара  тхуна.- Марша  вог1ийла  хьо! Чоьхьавала.  Хьайн   ц1а  веана  хьо»;

Хьаша-да воьссинехькерта..Дин парг1атбаьккхича хьешан,
Шен к1анте аьллера дас:
— Г1иллакхах ца духуш вешан
Чекхдовлар дехар до ас.Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.Цкъа жимчохь хезнера суна,
К1иллошна ца лепа малх.
Стаг хилар коьрта ду хьуна,
Стаг воцчохь совцуш бац нах.Т1еоьцуш генара хьаша
Вай лардахь, хир ду вайн сий.
Доккха шун хоттор ду бешахь,
Шортта ду сискал-туьхий.Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнцадуиссимий-беркат,
Цхьамарзохиларал сов…

***

  «Цу  кхерчачу  ц1арочул  а

    хьаша  вохвеш, йовхо  луш,

    Ю вайнехан  комаьршалла,

    ду  вайнехан  оьзда  дош !»

Нохчийнзабарш

1. ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьастагшенстунцахойболчуваханахилла. Ламаз хан т1е макхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цухенахь ц1енкъа юккъетекх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а бешстуннанахилла.
— Оллох1у акбар, — аьлла, охьатаь1аш воллунуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сиххахьала а г1аьттина, шендукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцоэлирабохустуннене:
— Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах цахилла.

2. АМАЛ
Йоккхачу Атаг1ара пондарлокхучу Г1ачас ткъецхьаъ зуда ялийнахилла. Т1аьххьара шаткъе цхьаллаг1а зуда ялийчацоаьллашензудчуьнга:
— Со зуда атта д1айог1ийтуш вухьуна, ас аьлларгделахь. Вайгахьешийбаьхкича, со хьайгахьаьжча, царнаюург яла езийлахаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчоаьлла:
— Ас корта ластийча, ас лурйоцийлахаалахь.

3. ИРС Я1 ХЬАН!
Шайнйишаловзаргахьхелхаюьйлушбехк а лаьцна, юьстахваьллалаьтташхиллацуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачукъонахчоаьлла:
— Иза-м д1аяла а цакхета. Евзийшуна и? — аьлла.
-Ирс я1 хьан, — аьллавежарехцхьамма, — и йовза-х цаевзийхьуна.

4. ДОГЦ1ЕНАЛЛА
Цхьастагхиллабазарахьеттбохкавахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттинакхуьнга.
-XIapaетт дег1ана ма жима бухьан?
— Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьунаxlapa жима.
— Ой, шура мел локхо, шина-кхаа литре йолий?
— Йолу, ахьагурралцоьзча-м.
— Ткъа базара х1унда балийнаахьаxlapa?
— Вуо болу дела балийна-кх, — аьлла, жопделлаеттболчо.

5. ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьананесошенмарвешина «Къонах» аьлла ц1е тиллинахилла. Маццацкъатуьканаяханчохь, шенмарвешах тар а велла, цхьанастагана т1аьхьа хьаьддайоьдушхилла и зуда:
-Ва, Къонах, — бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, изакхинстагхилархкхетча:
— Вай дела, хьо-м къонахмавац, — аьлла.
Вукхохаьттина, вуоха а воьхна:
— Со къонахвоцийлахьуна муха хии?
Зудчожопделла:
— Юьхьдуьхьалхьаьжча, хиира-кх, — аьлла.

6. ДАКЪАЗАЛЛА
Майрахилласай-бодийкъасталебалхавахавезаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхинацо.
— Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. — аьлла.
Шеннабархацаялалучузудчо, axl-yxl а дина:
— Эццахьайнаергкхалла а кхаллий, д1аг1охьа, — аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шенаяайовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахьаьлла, шенаергкхалла а кхаьллина, шенбалха д1авадана xlapa.
Сарахьмац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуобалхавоьдушяьржжийначохьлаьтташ пхьег1аш а, кхуоохьайиллиначохьлаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохьлаьтташяйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас шашега: «Нана яла хьодуьненан», — аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха «г1ам-г1им» дина, и тосаделлачузудчокхуьнгасхьамохьбаийтинадехьачохьйижинайолчу:
-Хьо х1ун дешвуцучохь, шабар-шибардеш, х1инца а ваханавалазавухьо? — аьлла.

7. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М…
Юьртахь жима стагкхелхинатезетхилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачухенахь, цуюьртарацхьастагваханахиллакхелхинчужимачу стеган нахе кадамбан. Царехуггаревоккхахвергкхайкхина ара а ваьккхина, цуьнгакадамбинахиллацо:
-Мукъавоцушвиснера со шунагучу ваза. Вайнницкъкхаьчнехьарашуна и бохамхуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шунвешин к1ант кхелхина, — аьлла.
Xlapaкадамбинаваьлча, кхелхинчужимчу стеган девашасаьллера:
-Вай, и кхинхьан дай-вашийвийна-м цалелара и кхелхича, хьуна хала цахета…

8. МОЛЛИН CATИЙСАМ
Моллахилласуьлхьанашхьийзош, багахь «лаилах1-иллалах1» бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гинакхунна. Цулт1аьхьа:
-Девисахьан, дависахьан, — бохуш, ша х1ун леладо а цахууш, суьлхьанашхьийзонволавеллаиза.

9. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ «ШАЙХ»
Шайхвушабохушлелашхиллацхьастаг.
-Делахькханахиндергдийцал, — аьлла, дехардинацуьнгацхьамма.
— Лама дуьйцурдуша. — аьлла, «шайх» вушабохучо.

10. ХАН ЙОЦУШ БЕАНА МАРХИН БУТТ
Мархинбаттахьмарханашкхобушабохуш, лелашхиллацхьастаг. Шензудчуннахьалхамоттарг1анаш а лелош, къайлахцигаьркаузушхиллацо, шайн к1ет1арчу г1одмийн такхорах а вулий.
Цхьанадийнахьшайнтакхорах к1ур оьхушгиназудчунна. Ц1е яьлламоьттуш, хьаьдда т1еяханчу кхуннашенмайрагина, такхорах а воьлла, к1ур беш. Йоьхначузудчоаьлла:
-Вай, елла яла со!
Т1аккха майрачоаьлла:
— Ма яла хьо-м елла, хан йоцуш т1ебеана xlapaмархинбутт бала-кхабелла.

11. МАРХИН БУТТ
Цхьа ши стагхиллацхьаццахабаршдуьйцушлаьтташ. Цхьаммааьлла:
— Борз санна т1ебог1уш мархибутт а бувайна…
Вукхоаьлла:
— Баг1ахь, дера бувайохьа а таь1на, т1ехбалийтур.

12. ВОН ЗАБАР
Цхьастагвеллааьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
-XIapaахьтховсаларванвеза, таханалатта т1ехьакха цамагадинавайна.
1усман резахилла
Каш лардеш 1усман 1аш буьйсаюкъал т1ехъяьлла 1усман кхеродагахькошахьвергметтаххьеволавелла.
— Хьодакъаделахь, дакъасанна 1илла, дацахь аса дийрдухьох, — аьлла 1усмана.

1амийнарг   т1еч1аг1дар:

Стеган оьздамассо а х1ума хиладеза-ойла а,

духар а, г1иллакхаш а.

Жам1 дар:

— Дийцакхуурокехьвайнакерла х1ун хиъна?

— Дийцашайнахазахеташ долу г1иллакхаш.

Ц1ахь банболх:

— дагахь 1амо байташ (г1иллакхех лаьцна),

— «Г1иллакх» ц1е йолустихотворенидагахь 1амо.

Шайнкхерч муха хила луур дара шуна?Гайта у т1ехь…

Дерзор:

 Нохчийн г1иллакх-оьздангалла,вастдалошаьлча,цхьалекха б1ов ю. Вайнкъоман х1ора а чкъуроцхьаццакхеригбуьллушйоьттина,лакхаяьккхина. Цундела х1ора нохчочундекхарду и б1ов 1алашъяр.иза кхин а лакхаяккхарехьдакъалацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохоряц,нагахьвайх х1орамма а иза 1алашъяхь.шен леларца,вистхиларца.дечу г1уллакхца. Изалаьттарю,нохчийнкъам мел деха.»  

  • Павел флоренский очень точно сравнил отношение подростков и молодых людей проблема сочинение
  • Ощютить или ощутить как пишется
  • Павел селуков пермь рассказы
  • Ощущения или ощущение как правильно пишется
  • Павел селуков добыть тарковского неинтеллигентные рассказы читать